Хьиджабаш йехкарца доьзна Владимиран кIоштара депутатаца хиллачу цхьанакхетарх дIахьедина Делимханов Адама
Республикера кхечу депутаташца цхьаьна Владимиран кIоштан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу шен белхан накъостаца Игошин Игорьца цхьанакхетар хиларх дIахьедина Делимханов Адама. Iалашо хилла – дукха хан йоццуш цигахь дешаран хьукматашкахь хьиджабаш йехкарх лаьцна дийцаредар. Делимхановс чIагIдо, Игошин реза хилла "йукъахь цхьаьна питане омра йухадаккхийта" хьажа.
Цунах лаьцна Делимхановс хаамбина шен телеграм-каналехь. Стенгахь хилла цхьанакхетар, Делимханов а, Игошин а воцург, кхин цигахь мила хилла а, билгалдоккхуш дац. Публикацица цхьаьна хIоттийна вовшахкхетта даьккхина сурт, цуьнца цхьана цу тIехь ву Пачхьалкхан думин спикер Володин Вячеслав а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, кхинболу лаккхара нохчийн даржхой а – и сурт Делимхановс чиллан-баттахь а хIоттийра шен агIоне. Игошин суьрта тIехь вац.
Оццу постехь Делимхановс кхерам тесира дешаран хьукматашкахь хьиджабаш лелорна дуьхьал болчарна "кхетош дуьйцур ду" ша, "динан ламасташ бохург хIун ду а, уьш дехка хIунда мегар дац а бохучух" аьлла.
Шен социалан машанера Вконтактера аккаунтехь Игошин Игоря Делимхановца хиллачу цхьанакхетарх лаьцна йаздина дац.
Делимхановн дIахьедарна шога критика йира милитаристийн йаккхийчу блогийн авторша, "Агентство" гIирсо вовшахтоьхнера царна хетарг. Доккхачу декъана, цара хьийхира Делимхановна "нехан килсе ма гIерта хьайн уставца" аьлла, ткъа Владимиран кIоштан Iедалхошка – "охьа ма теIа" бохура. "Кавказский узел" хьасто билгалдоккху, социалан машанашкахь Владимиран кIоштара бахархоша а цхьана дIахаийтинера йукъагIертарна шаьш реза цахилар, царна хетарехь, регионан чоьхьарчу гIуллакхашна.
Пачхьалкхан думин депутато Попов Евгенийс дIахьедина, кхечу депутатера, Дагестанера Хамзаев Бийсолтера кхерамаш кхаьчна шега аьлла. "Телефон йетташ вара. Кхерамаш туьйсура. Хуьлуш хуьлу", - йаздина Поповс шен телеграм-каналехь, пачхьалкхан "Россия 1" телеканалехь ша дIахьочу ток-шоун кийсак а хIоттош. Оцу видео тIехь цигахь дакъалоцучу Iедалхошкахьа волчу публицисто Третьяков Виталийс йемал дира, цуьнан дешнашца, Хамзаевс Владимиран кIоштарчу бахархошца хьиджабаш йехкарна тIехула лелийнарг.
"Дешархо динехь хилар гойтуш долу духар а, цуьнан билгалонаш а" лелор гуттаренна а доьхкучу Оьрсийчоьнан регионех хилира Владимирскан кӀошт. Оцу кепара сацам зорбане баьккхинера гIадужу-беттан 25-чу дийнахь. Регионерчу дешаран министралло цунах кхетийра, Оьрсийчохь "килс пачхьалкхах дӀакъаьстина йу, ишта "светский" олучу дешаран сферах а" аьлла.
Къилбаседа Кавказерчу бусулбачийн координацин центро критика йира Владимирскан кIоштара дешаран министраллин омрана. ТIеэцна сацам Конституцица а, федералан низамца а богӀуш бу йа бац хьовса аьлла, дехар дира цара.