ru24.pro
Radiomarsho.com
Октябрь
2024
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12
13
14 15 16 17
18
19
20
21
22 23 24 25
26
27
28 29 30 31

Нохчийчохь тIелатар дечу хенахь лазийна хилла шолгIа Росгвардин белхахо а велла

0
Соьлжа-ГIалина гена доццучу Петропавловская станицехь кир кхоьхьучу тIеман машенна тIелатар динчу хенахь лазийна хилла Росгвардин шолгIа белхахо а велла. Оьрсийчоьнел арахьа болх бечу NIYSO боламан оппозиционераша хаамбина цунах лаьцна.


ТIелатар динчу меттигехь велира хьалхарниг. Оцу меттигехь карийнера  машен чохь хиллачу Верещенко Дмитрийн цIарах документ. Эскархочун гергарчара хаамбира цуьнан социалан машанашкара аккаунтехь, Тюменан кIоштара Сорочкино эвлахь иза дIавуллург хиларх. Церан хаамашца, иза кхелхина гIадужу-беттан 24-чохь, оцу инцидентах лаьцна хиъначу дийнахь.


Веллачу Росгвардин шолгIачун цIе NIYSO боламо йоккхуш йац. Цаьргара информацица, Грозненскан кIоштара йеа эвлахь дIахьош рейдаш йу. ЦIоьнтара-эвлахь а, Беркат-Йуьртахь а, Ильиновская, Петропавловская станицашкахь а йоллу керташкахула хьуьйсуш бу ницкъахой.


Нохчийчоьнан Iедалхоша официалехь комментарий йина йац гIадужу-беттан 24-чохь Грозненскан кIоштахь хиллачух лаьцна.



ГIадужу-беттан йуьххьехь нохчийн 1АДАТ оппозицин боламан жигархоша дIахьедира Гуьмсера постана тIелатар динчул тIаьхьа цигахь рейдаш дIайахьарх лаьцна. ТIелеттачех лаьцна хаам бинчунна 5 миллион сом ахча лур ду аьллера пачхьалкхан пабликаша.
Магасе чувоьрзучу некъа тIехь цабевзачу наха гIадужу-беттан 11-чохь машенна тIе герзаш диттира. Цу чохь хиллера ГIалгIайчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой. Цул а цхьа бутт хьалха оццу гIали чохь мила ву цахуучу стага тIелатар дира сеталца полисхошна, иза а вийра.