Проблемаш йац, критика йац, журналисташ а бац. Муха хIаллакйина Нохчийчохь дешан маршо
Нохчийчохь маьрша журналистика цахиларх цхьа а цецволуш вац, йа иза къайле йоцу а ду дуккха а шераш. Кадыров Рамзан Ӏедале веъчхьана, хаамийн гӀирсийн болх маса регионан куьйгаллина Iаьнаре берзийра: цхьаболу журналисташ дӀабахара махкара, вукхара шайн болх сацийра, ткъа бисинарш пачхьалкхан пропагандин эфирийн системе бирзира. Журналисташна дуьхьал зуламаш дарна таӀзар деш цахиларан Дуьненаюкъарчу денна лерина тхан редакцино толлу Нохчийчохь дешан маршо муха лакъийра а, тӀейогӀучу хенахь республикехь бозуш боцу хаамийн гӀирсаш меттахӀитто аьтто буй а.
Маршо йоцуш боьдучу некъан мурТахана Нохчийчохь йуьззина болх беш йолу информацин меттиг йоцуш йу. Дукхахболчу меттигерчу хаамийн гӀирсаша тидам тӀебохуьйту республикан куьйгалхочун а, цуьнан доьзалан а дахар довзийтарна. Керланийн ленташ йуьзна йу Кадыров йукъараллин барамашкахь гучуваларх а, цуьнан цхьаьнакхетаршкахь хиларх а, иза спортзале эхарх а, йа йина йаьлла гӀишло схьайоьллуш цуьнан доьзало дакъалацарх а лаьцначу хаамех.
2017-чу шарахь Amnesty International организацин векалша шаьш хIоттийначу рапортан Москвахь презентаци йеш тIечIагIдира, Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь, журналист а, бакъонашларъярхо а хилар кхераме ду аьлла.
ХӀинцалера Ӏедал дӀахӀоттале регионехь хилла журналистика кхечу кепара йара. Хаамийн гӀирсаша дуьйцура Нохчийчоь кхиочу нахаха лаьцна: инженерех, лоьрех, хьехархойх, совдегарех. Зорбане йохура документалан фильмаш а, йукъараллин маьӀна долу докладаш а, аналитикан материалаш а. Тахана и тайпа чулацам болу контент йанне а йац. Маьршачу дешан меттиг де-дийне мел долу хӀаллакйира – кхерамаш туьйсуш а, тӀелетарш деш а, нах бойъуш а.
Политковская Анна"Новая газетан" журналист Политковская Анна йийра 2006-чу шарахь гIуран-беттан 7-чу дийнахь, шен цIенна хьалха. Нохчийчуьра тӀом а, цу регионехь адамийн бакъонаш талхор а дуьйцура цо диллина, герзах боьттинчу кадыровхоша лелочу гӀуллакхех лаьцна а йаздора. Цо дийцарехь, нах лечкъош а, бойъуш а, гӀело латтош хиллера цара, цо материалашкахь ма-йаздарра.
2004-чу шарахь Кадыров Рамзана нахана хьалха Политковская "мостагӀ" йу элира, цо "нохчашна йуккъе питана до" аьлла, чIагIдеш. Политковскаяс цунна жоп делира, Кадыров "герзах боьттинчу хадархоша гуо бина Iаш волу кIилло ву" аьлла. Цо дӀахьедира, Кадыровна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх айдар, цул тӀаьхьа иза лацар а шен белхан Ӏалашонаш йу аьлла.
Ша йен ши де дисинчу хенахь Политковскаяс дийцаре дира Нохчийчуьра хьал Свобода Радион эфирехь.
Журналист йерна бехкебина Нохчийчуьра бахархой, амма и зулам дан омра динарш муьлш бу билгалбаьхна бац тахана а. ГӀуллакх луьсту хан чекхъйаьлла 2021-чу шарахь, ткъа талламо цӀераш йахаза битина нах а бехктакхаман гӀуллакхех кIелхIарабевлла.
Эстемирова НатальяБакъонашларъйархо, журналист Эстемирова Наталья лачкъийра 2009-чу шарахь товбеца-беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь шен цӀенна гергахь. Цул тIаьхьа масех сахьт даьлча цуьнан дакъа карийнера ГӀалгӀайчоьнан Наьсаран кӀоштахь.
Эстемировас дӀайаздора федералан хьукматаша а, тӀаьхьо нохчийн ницкъахоша а адамийн бакъонаш талхорах долу тоьшаллаш. Цо болх бира тӀепаза байначу нехан доьзалшца, толлура нах лечкъор а, адамашна тIехь гӀело йар а, кхел йоцуш нах байарх гӀуллакхаш а. Эстемирова йийначул тӀаьхьа цуьнан белхан накъосташа йаздира, цо "кхера а ца кхоьруш толлуш, дIайаздора ирча зуламаш" аьлла.
"Мемориало" нохчийн бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья йер цуьнан корматаллин гӀуллакхца дузу. "Мемориалан" векалша масийттазза хаам бинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Эстемирована дуьххьалдIа кхерамаш тийсарх лаьцна. Амма официалан талламийн версех цхьаъ йу бакъонашларъярхочо арахоьцучу публикацешна дуьхьал "тӀемалоша чӀир эцна" аьлла. Таллам бина бац, Политковская Аннин гӀуллакхехь а санна, стаг вен омра динарш а - билгалбаьхна бац.
Гериев Жалауди2016-чу шеран гезгамашин-беттан 5-чу дийнахь Шела кӀоштан кхело "Кавказан узел" хаамийн гIирсан 23 шо долчу корреспондентана Гериев Жалаудина кхо шо хан туьйхира йукъарчу режиман таӀзаран колонехь, "низамехь доцуш боккхачу барамехь наркотикаш лелийна" аьлла.
Йоьдучу кхелехь Гериевс дийцира шена тӀехь Ӏазап латторах а, вен кхерамаш тийсарх а лаьцна. Цо чӀагӀдора, ницкъхоша ша бехке вина "нохчийн Ӏедална дуьхьал" болх барна а, Шема дӀаваха гӀортарна а аьлла. Куьрчала эвлан йистехь долчу кешнашка дӀа а вигина, цуьнан тIоьрмиг чу марихуана теснера, цул тIаьхьа бехк тIе а лацийтира. Шена тоьхна хан а йаьккхина, Гериев Оьрсийчуьра дӀавахара.
Милашина Елена"Новая газето" 2016-2017-чу шерашкахь Нохчийчохь кхел йоцуш нах байарх лаьцна, шаьш бина талламаш зорбане баьхначул тӀаьхьа журналистна Милашина Еленина беш хилла болу тӀеӀаткъам кхин тIе а алсамбаьккхира.
2020-чу шарахь Соьлжа-ГӀалахь блогерна Нуханов Исламана тIехь йечу кхеле йеанчу Милашина Еленина а, адвокатна Дубровина Маринина а муьлш бу ца хуучу наха йиттира.
2023-чу шарахь, федералан суьдхо хиллачу Янгулбаев Сайдин хӀусамнана, нохчийн оппозицин декъашхойн нана а йолчу Мусаева Заремин кхеле йогIуш хиллачу Милашинина а, адвокатна Немов Александрна а йуха а тӀелатар дира. Царна йиттинера, хӀаллакйинера церан техника, шаьш дуьйр ду шуьшиъ бохуш, кхерамаш тийсина а хиллера цу шинна. Кадыров Рамзана "гӀуллакхан йистйоккхур йу" аьлла дош деллехь а, 2025-чу шарахь таллам йукъахбаьккхира, "зуламхой муьлш бу къасто аьтто ца хилла" аьлла.
"ХIара болх бойла йац"Кадыровс куьйгалла а деш, Нохчийчоьнан Ӏедало журналисташ а, бакъонашларъярхой а хьийзо болийра, иза президентан дарже веанчу йуьххьера схьа дуьйна, билгалдаьккхира тхан сайтаца хиллачу къамелехь Европехь йехачу нохчийн журналисто. Цо дагадаийтира 2007-чу шарахь Нохчийчохь тӀом боьдуш кхоьллинчу, республикехь адамийн бакъонаш талхорах а, ницкъаллин структурийн террорах а дуьйцучу йозуш йоцчу Caucasus Times гIирсана хакерша дина тӀелатар.
2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран дехарца дӀакъевлира "Кавказан узел" сайт. Маршо Радио а, цуьнан проекташ а, шайна йукъахь Кавказ.Реалии а йолуш, Оьрсийчохь "оьшуш йоцу" организацеш йу аьлла, дIакхайкхийра.
"Тахана йа Нохчийчохь а, йа Оьрсийчохь а йозуш йоцчу журналистикех дисина хIума дац. Дукхахболу хаамийн гӀирсаш цхьана кепара пачхьалкхаца боьзна бу, цундела церан аьтто бац маьршша шайн теманаш харжа а, коьртачух лаьцна шайн лаамехь дийца а. Низамаш а, тӀеӀаткъам а бахьана долуш, бакъахьа йолчу редакцешна а, журналисташна а белхаш бан хала ду тахана, цундела дукхахйерш йа дIакъовлу, йа махкара арабовла декхаре хуьлу, шайн дешан маршо Iалашйеш. Цундела махкара журналистика шен коьртачу Iалашонех а, декхарех а - нахана объективан а, хьанал а информаци латтор, - дӀахаьдда ала мегар ду - ", - бохуш дуьйцу кхин дӀа а къамелдечо.
Тхан редакцица къамел дина кхин цхьаъ- итт шарахь Нохчийчохь журналистан болх бина йу, шен кхерамзаллин бахьанашца иза реза хилла шен цӀе ца йовзийтахь йистхила. Цо мукӀарло дира, оцу говзаллехь кхидӀа а йиса ницкъ бацара шен аьлла.
Цо дийцарехь, хӀора телехьожийлехь арахоьцу сюжет цхьана кепара Кадыровн цӀарца йоьзна хила йезаш йара: "Нагахь санна тхо генарчу кӀоштах лаьцна цхьа материал кечйан даханехь а, хӀетте а республикан куьйгалхо хьахо дезаш хуьлура, цунна баркалла ала дезара, йа и дерриг а цуьнан бахьана долуш хилар дIагайта дезаш дара. Цхьа билггал йолу истореш, адамийн кхоллам, дахар дIагойтуш йолу материалаш йойтуш йацара тхоьга".
Цо дийцира, жим-жима йолуш, цу говзалле шен хилла шовкъ дӀайаларх. Эххар а журналистика дӀа а тесна, цхьана школе балха хӀотта сацам бира цо. Ша а, шен цIеран а сийдан и бен некъ ца бисинера цунна, цо бахарехь.
Официозо эргIад эхийтарРеспубликехь дуккхахберш хьовсуш бац меттигерчу керланашка, шайна "маьӀна ца го" бохуш, чӀагӀдо тхан сайто къамел динчу Нохчийчуьрчу бахархоша. Церан чулацам хьалххе дуьйна хууш бу, цхьабосса бу, республикехь бакъдолу хьал гойтуш а дац – "Кадыровн дахаран хроника йу иза", - аьлла, дерзийра къамел динчу цхьаммо.
Соьлж-ГӀаларчу Асламбекана керланаш хаа йисинчех коьрта хьоста йу интернет, ишта Оьрсийчохь йихкина инстаграм а, ютуб а. Амма тӀаьххьарчаьрца цхьа проблема йу: VPN йоцуш, и программаш, телеграм санна, Нохчийчохь болх беш йац. Цу йукъана шаьш VPN сервисаш а йихкина йу. ХӀетте а, бохура цо, информаци хаа нехан лаам сел чӀогӀа бу, оцу адамшан цундела хӀетте а цхьа некъаш карадо, тIаьхье кхераме йуй хуушшехь: "Iедалхоша "тешам боллу" цхьа хьоста йитина тхуна керланаш хаа – телехьожийла". Амма массарна а дукха дика хаьа, цу чохь хIун дуьйцу а, муха дуьйцу а, мел харцахьа доккхий,дуьйцу а".
Хьал стенга кхаьчна аьлча, бохуш, кхетадо цо, ютюбехь хьайна хьажа оьшу йихкина йолу информацин хьоста лаха а кхераме ду- жоьпалле озор ву хьо (йуьйцурш йу "экстремистийн йуй хууш йолу материалаш лехарна" гIуда тохар аьлла низамехь дина тIетохарш-Редакцин билгалдаккхар).
Дахар беккъа цхьа кхерам бу-кх, бохуш дуьйцу Асламбека, амма бакъйолу информацина тIекхача лаам чIогIа бу, Ӏедало дихкинчул а сов.
Тхан сайтаца къамел динчу Нохчийчуьра кхечу йахархочо дийцарехь, цуьнан доьзал а, берриг а цуьнан гергарнаш а меттигерчу телеканалашка хьовсуш бац.
"Дукха зама йу тхо нохчийн керланашка а, нохчийн телеканалашка а хьовсуш доцу, -бохура цо. – ХIора керланаш дуьйлалуш Кадыровн цIе йоккху, дерзор а цуьнан цIарца. Кхин цу чохь хьажа хIума дитина а дац. Даим а цхьа йаххьаш телехьожийлех гуш хиларо, эргIад эхар бен кхин хIуммаъ а ца хуьлу".
Цо дийцарехь, регионерчу керланийн чулацамо дукха хенахь дуьйна йукъараллин дахар гойтуш дац, хьовсархошна цхьа а мехалла ца го. Цундела дуккхаъчу нахана гӀоле хета меттигера хаамийн гӀирсашка ла цадегIар, царна хууш ду, йуха а мехкан куьйгалхочун а, цуьнан гонан а дахарх лаьцна пропагандин хроника бен гойтуш хир йоцийла.
"Фейкан хаамаш" и "мостагIийн пропаганда"Дукхахболу бозуш боцу журналисташ а, бакъонашларъярхой а Нохчийчуьра дӀабаханчул тӀаьхьа, цу регионах "информацин къевлина зона" хилира, билгалдоккху Белгехь йолчу PeaceWomen Across the Globe цӀе йолчу юкъараллин векало, бакъонашларъярхочо Газиева Фатимас. Тахана цигахь хуьлуш долчух лаьцна информаци вуно кӀезиг йу, иза коьртачу декъана йукъарлонаш лелош болчу нахера а, журналистикехь белхаш бинчаьргара а, наггахь бен бечу талламашкара а кхочуш йу.
"Ала тарло, Нохчийчоь журналистийн жигараллана уггаре а кхераме регион йу Оьрсийчохь. Политковская Анна а, Эстемирова Наталья а йийначарна таӀзар цадар, йозуш йоцу пресса шен бухца дӀайаккхар – оцу дерригено а кхоьллина модель йу, Ӏедална критика йар зулам санна тӀеоьцуш, ткъа цунах лаьцна бакъдерг дийцаро политикан хьал талхош санна", - билгалдаьккхира цо.
Нохчийчохь йолу проблемаш – коррупци, ницкъбар, адамийн таронаш цхьабоса цахилар – йуьйцуш йац, йа дIагойту "фейк-хаамаш" а, "мостагӀийн пропаганда" а санна, аьлла тIетайра къам маьршадаккхаран "Цхьааллин ницкъ" боламан информацин декъан куьйгалхочо Музаев Сайхана.
Цу кепара республикин Ӏедалша латтайо стабилалла а, хьал толуш хиларан а иллюзи адамийн бакъонаш талхошшехь, таронаш а йоцушшехь.
ТIетаьIIина Iазап латточу хьелашкахь маьрша журналистика хила йиш йац, амма журналистикан Iалашонаш- хаамаш гулбан, талла, информаци йаржо йиш йу, и дан а деза кхечу кепашкахь: масала, анониман каналашца а, адамийн бакъонашларъяран хаамашца а, кхечу пачхьалкхийн хаамийн гӀирсашца а, аьлла хета къамелдечунна.
Нохчийчохь журналисташ кхетта, хӀокху муьрехь хьанал репортаж йан аьтто боцийла. Цхьа дегайовхо йу, махкара дешан маршонца долу хьал тоделча, Европехь кхиъначу нохчийн кегирхойн а, иштта дуккхаъчу блогерийн а аьтто хир бу эххар а и болх дӀаболо аьлла: "Дешан маршо денъйан, шеко йоццуш, шанс йу, амма тахана а, кхана а йац", - аьлла, дерзийра Музаевс шен къамел.
2024-чу шарахь Нохчийчуьра Iедалан белхахоша 50 миллион гергга комментарий йитира мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан а, кхечу хьаькамийн а, Оьрсийчоьно йихкинчу инстаграмера посташна бухахь. Дуккха а шераш ду регионера бахархой хьаькамийн публикацещна бухахь йозанаш дита Iедалхоша декхаребен. Амма цунах церан гIуллакх ца хуьлу, бохура оппозицин блогерша а, жигархоша а.Дешан маршо йихкинчу Нохчийчохь Ӏедалшна а, оппозицин жигархошна а вовшашна дуьхь-дуьхьал бистхила меттиг хилла дӀахӀиттина социалан машанаш. Стохка шо доьрзуш Оьрсийчоьнан юстицин министралло шен "арахьарчу агентийн" тептар шордира, нохчийн блогерш Абдурахманов Тумсо а, Белокиев Ислам а, Халитов Хьасан а тӀе а тухуш. Республикан куьйгалла шайн политикан оппонентийн тӀеӀаткъамбар сацо гӀерташшехь, уьш кхин тIе а гӀарабевлла, шайн аудитори шорйеш схьабогIу.
