ru24.pro
World News in Chechen
Октябрь
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15 16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Бакъоларйархошна дуьхьалваьлла Солтаев, Нохчийчуьра Путинан кхел. КIиранан жамIаш

0

Нохчийчуьра йедда хиллачу йоьIан гIуллакх, Уфахь "тIехьожург" лацар, ткъа Нохчийчохь Путинан цIарах кхел схьайеллар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах Маршо Радионо арахоьцучу подкастан 121-чу декъехь.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Баймурадован гIуллакхах хилларгОьрсийчоьнан бозуш боцчу бакъонашларъярхоша шайн цIарах кхайкхам бахьийтина Эрмалойчоьнан Ӏедалшка а, ницкъаллин структурашка а, Нохчийчуьра йедда Ереване йеанчу Баймурадова Iайшатан кхалхар эвсара таллар доьхуш. Бакъонашларйархоша дийцарехь, иза йийна гIадужу-беттан 16-чу буса, цул тIаьхьа масех де даьлча Эрмалойчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло тӀечӀагӀдира, иза йелла хилар. Цул тӀаьхьа Нохчийчоьнан Ӏедалша информацин кампани йолийра Къилбаседа Кавказерчу бахархошна гӀо деш йолчу кризисан тобанашна дуьхьал. Оцу кампанин йуьххьехь ву республикерчу адамийн бакъонашкахула векал волу Солтаев Мансур.

Нохчийчоьнан омбудсмено бух боцуш бехке бира волонтераш, цхьанний цӀе а ца йоккхуш, Баймурадова йерна а, ишта Нохчийчуьра Сулейманова Седа а цара лачкъийна аьлла, тIе а тоттуш. Иза а йу цIера йеддачул тIаьхьа, цуьнан гергарчу наха бертаза йуха йигина йоI, хетарехь, йийна иза цуьнан наха. ТӀаьххьара иза гина ши шо хьалха оццу Солтаевца цхьана видео тIехь. ХӀетахь дуьйна Сулеймановаца хилларг дийцахьара бохуш, шега дехарш дешшехь, тергал ца деш дуьту цо. Бахархоша латкъамаш беш, кхайкхамаш бинчул тIаьхьа бен Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органаша ца долийра йоI йерах бехкзуламан гIуллакх, амма тахана а болийна таллам бац.

Дахначу кӀиран чаккхенехь Солтаевс Эрмалойчохь йийначу Баймурадова Ӏайшатера бу аьлла, массех аудиохаам Ӏорабаьккхира, бакъонашларъярхой бехке а беш. Иза Оьрсийчуьра Ӏеха а йина, дIайигина, цул тӀаьхьа цуьнгара ахча а, кехаташ а дӀадаьхна хилла бохура цо. Амма Солтаевс ца дийцира, муха кхаьчна шега йеддачу йоьIан телефон.

Баймурадовас нохчийн маттахь кхехьийтинчу аудио хаамашкахь дуьйцу ахчанах лаьцна а, цхьаболчу волонтерашца шен хиллачу девнах а. Амма оцу кийсакашка ладоьгIча аьтто ца хуьлу, иза стенна реза ца хилла а, цо буьйцурш мьулш бу а, тIекхиа. Бакъду, Iайшата хьахош дац ша лаамза Оьрсийчуьра дӀайигина хиларх а, шегара кехаташ дӀадахарх а.

Кху кӀиранах тхан сайто зорбане йаьккхира Солтаевс тIедохкучу бехкийн кӀорггера хьесап дина материал. Хууш ду, Баймурадована гӀо динарг мел лаххара а шиъ кризисан тоба хилар: «СК SOS» а, «Марем» а йу и шиъ.

Цара чӀагӀдо, шайга орца доьхучу нахера ахча йа кехаташ схьадахар цу кризисан тобанийн балхаца данне а догIуш цахилар. Мелхо а, волонтераша шаьш дӀало уьш регионера арабохучу хенахь некъах ахча, цул тIаьхьа ахчанца гӀо а до бевддачу нахана: хӀусамаш лоьцуш а, йуург латтош а. «Марем» тоба кхоьллинчу Анохина Светланас дийцира редакцина Баймурадова шаьш махкара ара муха йаьккхира а, йоӀана а, волонтерашна а йукъахь хилла бохучу конфликтах лаьцна а:

"Оха иза пачхьалкхера арайаьккхира 2025-чу шеран гIуран-баттахь, хӀунда аьлча, тхуна хетара и гӀуллакх вуно чолхе дара, тхо цунна дикка кечам бан безаш а дара. Тхуна хаьара Ӏайшатан нохчийн Ӏедалхошца йолчу гергарчу зӀенех а, ткъа тхо саготта дара цунна тӀаьхьа бовларна кхоьруш. Амма, тхо цец а довлуш, дерриг а аьттонца чекхделира. Iайшата шен дега а, хIусамдега а йаздина хилла кехат оха дIакхачийча, жоп хилира: "Тхуна хьо ца оьшу, хьо кхин дIа йоцуш санна Iийр ду тхо, хьо тхуна йелла" аьлла. Тхо дукха дика реза дара оцу жоьпана, Ӏайшат а йара иштта.

Цхьана кепара шен лаамехь цIера дIайахара иза аьлла тӀечӀагӀдан... Цунах лаьцна хӀун ала деза а ца хаьа суна. Тхан карахь ду цуьнан дехарш, тхан карахь ду цо куьг йаздина дӀахьедарш, цу программе ша йукъаэцахьара бохуш, цо дина дехарш а, дийнна шарахь, иза арайаккха дагахь, цуьнца дина хилла йозанаш а, аудиош а. 2024-чу шеран дечкен-баттахь цунна эвакуаци йар цхьана ханна дIатеттича, цуьнан доьхна дог, хIетахь дикка бина кечам бац аьлла, шеконаш хиллера тхан.

Тхоьгахь йу цо, йуха а баркаллаш бохуш, ша маьрша йаьлла, шена тIаьхьа ваьлла стаг а воцуш, шена кхерамаш туьйсуш цхьа а воцуш хиларна, йоккхайерца кхехьийтина хилла аудиош а. Ткъа уггаре а коьртаниг, шена волонтер хила лаьа, цул тӀаьхьа бакъонашларъярхо хила а, Къилбаседа Кавказерчу зударшна гӀо дан шен тоба вовшахтоха лууш хиларх лаьцна а дуьйцура цо.

Ахчанах дерг аьлча: оха цкъа а ца оьцу тхеша Iалашбан тIелаьцначу нахера ахчанаш. Оха оьцу царна билеташ, цхьана ханна чоь а лоцу, цхьана ханна олий ахча а ло кара, йуучунна а, кхин долчу оьшучунна а.

Амма суна хаьа, хӀаъ, Ӏайшатан ахчанца доьзна мел лаххара а шозза дов даьлла хилар. Цкъа, шен ахча лачкъийна аьлла, йаздира цо тхоьга - мичахь, хьан лачкъийна -кхин ца дийцира цо. Ткъа шолгӀа, шен ахча лардан ша тешийначу цхьана волонтерца дов хиллера цуьнан. Ахча дайна шегара аьллера цо, йа цо шен цхьана гIуллакхана хьажийнехь а, ца хаьа суна. Волонтеро ша Iайшатана ахча жим-жима луш дIалур ду аьлла хиллера, вукхунна шена ахча оцу сохьта дерриг а дIадезаш хиллера. Суна хаарца, и ахча цунна йуха делла».

Анохинас дийцарехь, Баймурадован йаларна Нохчийчоьнан Ӏедалша ишта реакци йийр йуйла а, хууш дара. Даим а "арахьара мостагIий" бехкебо.

Изза бохура SK SOS тобанан пресс-секретара Мирошникова Александрас а: "Ма-дарра аьлча, нохчийн Iедалша и кеп хIоттор йуйла хууш дара. Керла хIума а дац кхузахь.

Дуьххьара Сулейманова Седа тӀепаза йайча, хIетахь а иштта дуккха а дӀахьедарш дара: иза дика Iаш йу, бакъонашларъярхоша лачкъийнера, дӀайигинера, Ӏехийнера, бохуш. Цул тӀаьхьа иза цӀа а йирзинера, чӀогӀа гIад йахна хиллера, ша цIа кхачарна бехира. Оха, бакъонашларйархоша, эрна гIовгIа йоккху, дерриг а дика ду бохура.

Кхузахь а изза ду, хIинца Эрмалойчохь хилла хIума ду хIара. Нохчийн Ӏедалхошна лиъначух тера ду, кIелхьарабовла, оцу гIуллакха йукъа ца гIорта, Эрмалойчоьнан Iедалхошца, йа бакъоларйаран органашца йукъаметтигаш ца талхо. Мел хIуъа дийцича а, кхечу мехкан дозана тIехь стаг вер - маьIне хIума ма ду. Кхин цхьаъ ду, тхуна билггал хууш дац, иза йер кадыровхошца йа нохчийн Iедалхошца доьзна ду-дац. Тхо Солтаев Мансур санна ма даций, кхин бух а боцуш, тхайггара нахана бехкаш дахка. Тхуна ца хаьа. Динан фанатикаш болчу наха дина хила а тарло, масала, йа Iайшата социалан машанашка хIитточу шен посташ тIехь аьшнаш бина нах хила а мега.

Хила тарло иза йерах лаьцна кадыровхошна дуьххьара керлачу хаамашкахула хиъна а. Ткъа цундела боьхна хьийзаш хила мега уьш, иза йер Нохчийн республикаца дуозарна кхоьруш. Цу тIе, Iайшат йийна аьлла, шеконаш йолу нах Оьрсийчу йуха бахана".

Нохчийн омбудсмено аьллачух лаьцна дийцаредира политолого Айсин Руслана, оцу даржехь хила хьакъ вац иза бохура цо: "Суна хетарехь, Кадыровн Ӏедална баккъалла а оьшуш стаг ву Солтаев, и тайпа гӀуллакхаш дIадерзон. Цундела, Ӏедалан коьртачу бакъонашларъярхочун дарже а хиъна, цо, ма-дарра аьлча, кадыровхойн рожана луьйш мел болчу нахана тIехь латтош Iазап ду, уьш кхерош.

Олуш ду-кх оьрсаша: на вору шапка горит, изза ду кхузахь а. Политикана а, кавказхойн гIуллакхашна а гена волу стаг а кхеташ ву цхьа а волонтерийн йукъараллаш оцу зуламна бехке йоций. Цара шайн болх бо. Амма вай кхеташ ма-хиллара, Кадыровн Ӏедална критика йеш болу нах хIаллакбина меттигаш дукха хиларх. Цундела хIара хилларг стандарте хIума ду, стаг верца доьзна делахь а, амма йоллу Кадыровн Ӏедалан гӀуллакхийн логикица догӀуш ду иза. Цу тIе Iайшата критика йора Кадыровна, тIаккха массара а дуьйцуш ма-хиллара, Кадыровн гонаца гергарлонца йоьзна а хилла и йоI"

Башкирина "тIехьожург" лаьцна УфахьКъайлахчу сервисаша Башкортостанехь республикана "тIехьожург" лоруш хилла криминалан авторитет лаьцна. Къайлахчу сервисашна тIетевжина, меттигерчу журналисташа йаздарехь, вуьйцург ву 49 шо долу Нохчийчьура вахархо.

Регионера талламан комитетан урхаллин хаамашца, лаьцначунна дуьхьал даьккхина бехктакхаман гIуллакх криминалан иерархихь лаккхара дарж дIалацар аьллачу артиклехь. И статус цунна кхаьчнера, боху, 2023-чу шарахь, хIетахь дуьйна йукъарчу кассе ахча гулдеш хилла цо, "нах вовшахтухуш, кримиалан дуьненахь лелха девнаш луьстуш" хилла.

Цул совнах, лаьцначо Башкирин кIошташна а, къаьстинчу набахтешна а «тIехьожу нах» хIиттош хилла, терго латтош хилла «лаккхара кхерам болчу» зуламашна тIехь, йаздо, ФСБ-на тIетевжина, UfaI.ru хаамийн гIирсо. Ишта журналисташа зорбанашкахь йаржйина, чIагIдарехь, иза лоцучу хенахь йаьккхина видео а. Цу тIехь гуш ву лаьттахь Iуьллу стаг а, цунна гонах болу ницкъахой а.

Стохка гIуран-баттахь дийца даьккхира, Дагестанерчу кхело Кизляран кӀоштан вахархочунна Курбанов Шамилна дуьхьал айдина бехктакхаман гӀуллакх луьстур дуйла, иза а бехкевора иерархин лакхара дарж дӀалаьцна аьлла. Бехккъасторхоша дийцарехь, иза хилла нохчийн криминалан авторитето Домбаев Ахьмада (Шелахо Ахьмад) хIоттийна, цуьнан стаг.

2019-чу шарахь, Оьрсийчоьнан зорбанаша йаздарехь, Домбаев Ахьмад Нохчийчу вирзира, шена тоьхна хан чекхйаьллачул тIаьхьа. Амма, дукха хан йалале Москва дIавахара иза.

Соьлжа-Г1алахь Путинан кхел хир йуОьрсийчоьнан Лакхарчу кхело пурба делла Соьлж-ГӀалахь Путинан цӀарахчу кӀоштан кхел кхолла. Мехкан коьртачу шахьарехь иза пхоьалгӀа хир йу, президентан Путин Владимиран цӀарахчу керлачу кӀоштахь а хир йу.

И сацам бина гIадужу-беттан 28-чу дийнахь Лакхарчу кхелан кхеташонехь –Оьрсийчоьнан коьрта прокурор хиллачу Краснов Игоран куьйгалла а деш. Соьлжа-ГӀалара керла кхел оьшуш йу "кхелан белхана атто йеш, а, регионерчу бахархошна нийсоне кхача аьтто хилийта а", дIахьедина Лакхарчу кхело.

Кху шеран гIадужу-беттан 7-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан президент винчу дийнахь, Соьлжа-ГӀалахь схьайиллира Путинан кӀоштан хьалхара рагI. Йоллу и проект 150 эзар вахархочунна лерина йу. Путинан кӀошт йерриг а йина чекхйаккха дагахь бу 2027-чу шарахь.

Стохка чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀакхайкхийрам ша Гьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университет" Путинан цӀарах хилийта сацам бина аьлла. 2008 шарахь дуьйна Соьлж-ГӀалахь йу ишта Путин Владимиран цIарах проспект, цунна и цIе тиллинарг а вара Кадыров.

Мел йаккхий, адам цецдоккхуш гIишлош хIиттайахь а, тIехула исбаьхьа кечийна коьрта шахьара гуш йелахь а, цунна тIехьа хьулйина йу, адамаш денна Iитталун социалан а, экономикан а кхачамбацарш.

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а бахархошна къаьсттина хала ду шайн регионехь хIусам лацаОьрсийчохь ханна чохь Iе хӀусамаш лаца таро йолу уггар кӀезиг доьзалш бу Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Дагестанехь а бехаш. Иштта ледарчу итт регионна йукъахь йу ГӀебартойн-Балкхаройчоь а, Къилбаседа ХӀирийчоь а, Кхарачойн-Чергазийчоь а, ГӀалмакхойчоь а.

Пачхьалкхан РИА Новости агенталло зорбане баьккхина Росстатан хаамашна тӀе а тевжаш, шаьш бина таллам. Цара хьесапаш дина, кху шарахь (гезгамашин- беттан жамIашца) йуккъерчу барамехь маса процент чохь шишша бер долчу доьзалийн таро йу хӀусамаш аренде эца хьожуш.

Гучудаьлларг ду, Нохчийчохь 13,5% доьзалийн бен таро цахилар – иза пачхьалкхехь уггаре а вон терахь ду. Оцу йукъанна, денна йеш йолу харжаш йукъа а лоцуш, мел лаххара а 116 эзар сом ду царна тIедан дезаш. Стохка динчу зерашца, Нохчийчохь официалан алапа 40 эзар соьмел жимма сов дара.

ХIусам лаца таро йоцчу кхаа республикана йукъахь йу ишта ГIалгIайчоь а, цигахь 17% доьзалийн таро йу ханна хIусам лаца. Ткъа 19% гергга Дагестанера доьзалийн аьтто бу хIусам аренде эца. ГӀебартойн-Балкхаройчохь (20%), Къилбаседа ХӀирийчохь (25%), Кхарачой-Чергазийчохь (26%), ГӀалмакхойчохь (26,5%). Амма и йерриге а регионаш – гIад дайначу регионех хIоттийначу тептаран иттолгIачу могIарехь йу.

ТIаьххьарчу зерашца а догIуш, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша бер доьзалехь долчу нахана Iаламат хала ду хене бийла.

Нальчик, Соьлжа-ГIала, Элиста, БуьритIе, Черкесск тIаьххьара йу Оьрсийчоьнан йаккхийчу гIаланашкахь оьцучу алапийн тIегIанца.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio