ru24.pro
World News in Chechen
Октябрь
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15 16 17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Кадыровн а, националистийн а 500 соьма тIехула даьлла дов

0

500 соьман кехатан дизайн карлайаккха Iалашонца кхаж тасар дирзина Нохчийчоьнан куьйгаллина а, z-патриоташна а йукъахь дов долуш. Оцу кехата тIе тухучу суьртана кхажтасар доцург, кхин бахьана дарий-те, къастийра тхан сайто.

Ахчанан дизайн хьалхарчу муьрехь къасторах гIуллакх ца хилира Оьрсийчохь- Коьртачу банко тIаккха сацам бира техникан хила тарлучу манипуляцешна тIехула кхаьжнаш тасар йукъахдаккха. Iалашо хиллера Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара йалх билгалонах цхьаъ къастон ахчанан коьртачу агIон тIе тоха, ткъа 16-нах цхьаъ харжа йезара вукху агIор. Кхаа хьалха йолчу меттигашлахь – Эльбрус лам, "Грозный-Сити" комплекс, "Дербентан" гIап а йара. Амма кхаьжнаш тийсар долийначу шолгIачу дийнахь политике дирзира и гIуллакх, республикехь уггар а чIогIа дуьйцучех а нислуш.

Эльбрусера и толам схьабаккха луучу Кадыров Рамзана меттигерчу бахархошка кхайкхам бира жигра хила аьлла. Нохчийчоьнан урхалхочо кхаьжнаш тосучарна йукъа йиллира керла арахецна 17-гIа итт iPhone а. Цуьнан цхьанна мах бу 800 долларна тIера хьала (2015-чу шеран гIадужу-беттан 15-чохь йолчу курсаца и хуьлу оьрсийн соьмашка дерзийча 63 эзар сом гергга).

Эльбрусана кхаж тесначунна аьлла конкурсаш кхайкхийра иштта z-патриоташлахь гIарабевллачу блогерша а, политикаша а: масала, зударшца къийсам латто "Божарийн пачхьалкх" кхоьллинчу Поздняков Владислава а, тIеман корреспондент олучу Коц Александра а, Москвара думин депутато Даванков Александра а. ТIаьххьара цIе йаьккхинчо шен агIоне йазбеллачаьрга бохура I00 футболка а, "Керла адамаш" партин мерч а, лаьмнашна бухарчу санаторихь садаIа путевка а йукъайиллина ша кхаьжнаш тесначарна аьлла.

Соьлжа-ГIала оцу ахчана тIехь хила йехарх Кадыровс кхетийра "кхузаманан йухаметтахIотторан" билгало йу и аьлла. Националистийн "Оьрсийн йукъараллера" оппоненташа цуьнан идей "Оьрсийчоьнна дуьхьал а, керстанах цабезарца йен дивирси" а йу аьлла, дIакхайкхийра.

Харцо лелийна кхаьжнаш тосучу хенахь аьлла, бехкаш даха буьйлабелира цул тIаьхьа. Z-блогерша дIахьедора, Соьлжа-ГӀалана кхаьжнаш боташца совдохуш ду бохуш, ткъа Поздняковс чӀагӀдора, шена 500 эзар доллар ахча кховдийна, Эльбрусна йеш йолу агитаци сацориг бохуш. Амма блогеро билгал ца даьккхира, билггал хьан лур ду аьллера шена и ахча. Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада дӀахьедора, республикана дуьхьалбевлла "даима гIоьртина болу дуьхьалончаш – националисташ а, пхоьалгӀа колонна а, либералаш а, массо а тайпанан арахьара агенташ а" аьлла. Цо бохура, царах таллам бан беза, "криминалан кепаш лелийний хьовсуш".

Иштта гIовгIа эккхийтарна а, масийттазза, тайп-тайпанчу браузершкахула кхаж таса бохуш, агитаци йаро а бахьана делира Коьртачу банкана авторизацин йиъ кепах цхьаъ бен ца йита - Госуслуги. Цу гӀуллакхо шина а агӀор берш реза боцуш битира.

Дудаевс дIахьедора, кхажтасаран билламаш регуляторо хуьйцу, Нохчийчоь "хьалхайаьлла йоьду" майданаш а дIакъовлу бохуш. Iедалхошкахьа йолчу пабликаша мехкан бахархойн цIарах ду шаьш бохуш, чIагIдора, "Грозный-Ситина" дуьхьалболчарна тIетайна Коьрта банк бохуш.

Иштта дуьйцуш дара, къовсамна арахьара Ӏаткъам бина бохуш а. Пачхьалкхан Думан дуьненаюкъарчу гӀуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочун гӀовса Чепа Алексейс, «Газета.ру» сайтана ша йеллачу интервьюхь, билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу къаьмнашна йукъахь девнаш хила луурш арахьара къайлаха сервисаш йу аьлла. Ткъа миллиардер а, политик а волчу "Оьрсийчоьнан дуьненан" финансистех цхьаъ лоручу Малофеев Константина питана лелорна бехке йира Коьртачу банкан куьйгалхо Набиуллина Эльвира.

"Пачхьалкх а йоькъуш, питана лелийна Набиуллинас 500 соьмаца. Ткъа Кадыровна и тоьъна. Сан хаттар ду Коьртачу банке- стенна оьшура и къовсам? Малхбузера къайлахчу сервисаша дайтина хIума дара аьлла, хета суна", - дIахьедира Малофеевс, дехар дира Путине Набиуллинас нах тилкхаза бохуш, лелочу хIуманан тергойар.

Эххар а кхажтасар сацийра Коьртачу банкан сайта тӀехь, и конкурс йерза ши де дисинчу хенахь. ГIадужу-беттан 11-чу дийнахь Москварчу хенаца буса исс сахьт даьлча динчу хьалхарчу жамӀашца, Эльбрус лам хьалха юара, 1 049 069 кхаьжнаш а гулдина. Ткъа "Грозный-Сити" шолгӀачу меттехь йара (1 033 585 кхаж болуш), тидам бира РБК агенталло. Оьрсийчоьнан Коьртачу банко дош делира, кхаьжнаш нийсонца дагардар дIанисдинчул тIаьхьа, конкурс йуха а йолор йу аьлла.

Оцу сацамна массо а реза хилира: нохчийн Iедалхоша а, оьрсийн националисташа а дIакхайкхийра, гIуллакх ишта дерзар шайн-шайн толам бу аьлла.

"Ас декъалдо вай массо а толам баккхарца!!! Озабезамца кхаьжнаш тийсар сацийна. Рамзан Ахматович санна хьакъволу къоман куьйгалхо хилча, нохчийн халкъаца лелош йолу харцо чекх ца йолу", - йаздинера республикан зорбанан министро Дудаев Ахьмада шен телеграм-каналехь.

Изза аьлча санна пост хIоттийра блогеро Поздняковс а, кхажтасар шайн агIончийн "дуьхьалойар" ду аьлла.

Джордж Вашингтонан университето кхайкхина валийначу Ӏилманчас Ильясов Марата тхан сайтаца хиллачу къамелехь дагадаийтира, оцу кепарчу Кремлал арахьарчу "цабезамца" Кадыров дуьххьара Iоттавелла ца хилар.

"Дагадаийта догӀу, шен ден Кадыров Ахьмадан сий деш, Москварчу урамна йа Петарбухара тӀайна цӀе хуьйцуш хилларг. ХӀоразза а цу гӀуллакхо негативан реакци оьккхуьйтура – цхьана кепара шен мах хадо гӀертачу муьлххачу а инициативана дуьхьало йо Кадыровна", - аьлла, хета цунна.

Баккъалла а, цу кепара девнаца дирзира 2013-чу шарахь пачхьалкхан "Россия 1" канало а, "Оьрсийн географин йукъаралло" а дӀайолийначу мехкан уггаре а мехала итт билгало къастош кхаж тасар. Конкурентех цхьаъ йара "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, цо шолгӀа меттиг дӀалаьцнера 38,2 миллион кхаьжнашца. 400 эзар кхаж алсам болуш хьалха йара Коломнера Кремль. Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIетахь а чӀагӀдора, маьждигна диверси йина "Мегафон" а, "Билайн" а телефонийн компанеша аьлла. Политико кхерамаш тийсира, шаьш уьш кхеле озор бу, аьлла, цул тIаьхьа маьждиг къовсама йукъара дӀадаьккхира.

Ильясовна хетарехь, оцу кепара девнаш дийларан бахьанаш Оьрсийчоь империн кепехь пачхьалкх хилар ду: "Оьрсийчохь оьрси- пачхьалкх кхуллуш йолу къам ду, националисташа ма-аллара, ткъа оцу йукъанна Нохчийчоь – дIалаьцна мохк бу. Кадыровна кест-кеста дIахоуьйту цуьнан меттиг, кхечарна а санна. ХIаъ, Путинна мехала ву иза а, цуьнан муьтIахьалла а, амма оцу пачхьалкхехь кхечарна и дастам хета".

Европера нохчийн диаспорин жигархо, блогер Белокиев Ислам тешна ву, кхузаманан Оьрсийчохь Iедало йиллина гIортор латтош хиларх, кегийчу къамьнашна дуьхьал болчу националистийн боламашна а, структурашна а. Иштачу хьелашкахь муьлххачу а йукъараллин, билгалонан инициативашкахь цхьабоса шансаш йу бахар, беламе хIума ду.

"Оцу кепарчу къовсаман жамI дац коьрта, хаттар ду: кегийчу къаьмнашна оьший-те цу йукъахь дакъалаца? Суна хетарехь, оьшуш дац. ХӀара вайн къийсам а, вайн повестка а йац. ХӀокхо хуьйцур долуш хIума дац: йа вайн къаьмнийн дахар а, хьал а: вайна кхин сов йаьхна бакъонаш хир йац, соцур дац нах байар а, къаьмнашца а, динца а доьзна дискриминаци лелор а", - бохура Белокиевс.

Къаьсттина иза оьгӀазвахийтинарг ду, "Грозный-Сити" комплексана "пропаганда" йар. Нохчийчохь федералан эскарша дуьхьал бинчу тIемашца а, цигах хIаллакдинчу адамашца а йоьзна йу цунна и меттиг.

"Мискачу стагана кхочур йоцу, цхьа хаза сурт хIоттош, Iедалан мукъ карахь болчаьрга дозалла дайта йина гIишло йу - "Грозный-Сити" . Оцу кхожехь дакъалаца халкъана билггал коьрта хиллехь, маьIнехь дара Iаламан билгало цара хаьржича- масала, Эльбрус лам. Даим а лаьттар долчу, Iаламан, ахчана тIехь хила хьакъ йолу билгало санна. Аьнгалех йина, йеса, чохь са доцу тIекIелйина гIишлош хила ца йеза. Царна тIехьа халкъан йа са а дац, йа иэс а дац", - дерзийра Белокиевс.

ТIаьххьарчу беттанашкахь "Оьрсийн йукъараллера" националисташа хаа а луш жигара йаьккхина шайн балха тIехь - цара рейдаш дIахьо, Кавказера схьабевллачу бахархойн доларчу базарашкахь а, кафешкахь а, хостелашкахь а. Цара ницкъбина, кхерамаш тийсина меттигаш хуьллушехь, бакъоларйаран органаша тергамза буьту уьш. Тхан редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, таIхар ца даро, ксенофоби чIагйо, бакъйо.Нохчийчоьно латкъам бинера Ленинградан мехкан прокуратурано "Оьрсийн юкъараллерчу" националисташа нохчийн вахархочунна йиттинчул тIаьхьа, дуьзьал гIуллакх ца долорна. Цунах лаьцна дӀахьедар дина республикерчу адамийн бакъонашкахула векал волчу Солтаев Мансура. Нохчийчоьнал арахьарчу шен махкахойн цӀарах кест-кеста къамел до цо, амма шен даймахкахь адамийн бакъонаш къиза талхош хиларх лаьцна хаамаш тергал ца бо.