500-зза къурд алар. Кехатан ахчана тIехь стенна оьшу Кадыровна Соьлжа-ГIала
Оьрсийчоьнан Коьртачу банко гIадужу-беттан 1-чу дийнахь дӀакхайкхийра керлачу ахчана тIетоха Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара цхьахйолчу гIишлонан сурт къастош онлайнехь кхаж тасар долийна аьлла. 500 сом кехатан хьалхарчу агӀон тӀехь Пятигорскера йезачух меттиг хир йолуш йара, шолгIачу агIонехь - Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара цхьахйолу гIишло.
ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехула кхайкхам бира "Грозный-Сити" комплексана кхаж таса аьлла: "Дуьненаюкъарчу терроризмна тӀехь вай толам баккхаран а, Оьрсийчоьнна йукъахь Нохчийчоь денъйаларан а, маьршачу, кхоллараллин дахаран керла мур болабаран а билгало йу иза" аьлла. Йеа платформехь кхаж тесначарна иттаннаш iPhone 17s лур йу а элира Кадыровс.
ТӀеман агӀончаш болчу цхьаболчу блогерша дIахьедира "Грозный-Ситина" кхаьжнаш тасарца лелош манипуляцеш йу бохуш, тIаккха Эльбрусана кхаж таса бохуш, агитаци йолийра цара. Националистийн "Оьрсийн йукъараллина" ахчанан кехатан хила тарлуш йолчу керлачу дизайнехь "оьрсашна дуьхьал а, христианофобийн диверси" а, "оьрсийн истори" дӀайайъа гӀертар а гира. 500 соьман ахчанан кехат тӀехь йу Архангельскан кӀоштара Соловецкин килс.
Националистех а, Z-блогерех а дӀакхийтира депутаташ а. Пачхьалкхан Думан вице-спикера Даванков Вячеслава футболкаш а, санатори путевкаш а йукъа йехкина, конкурс кхайкхийра.
Коьртачу банко авторизацин йиъ кепах цхьаъ бен ца йитина, цхьана стеган кхин а масийттазза кхаж таса аьтто ца битича, Нохчийчоьнан къоман политикехула министр волчу Дудаев Ахьмада бехке йира Коьрта банк националисташна гӀортор йарна а, къаьмнашна йукъахь цабезам гIатторна а.
И бахьана долуш банко сацам бира кхажтасар йукъахдаккха: "Тхуна хаайелла техникан гIирсашца цхьацца йолчу гIишлошна кхьжнаш тийсар алсамдаккха хьийзина меттигаш. Оцу хьоло аьтто лур бац озабезамаш боцуш нийса хьесапаш дан".
Оьрсийчоьнан банко чIагIо йира керла кхажтасар йукъадаккха; муьлхачу деношкахь- тӀаьхьо дӀакхайкхор ду аьлла.
Цу йуккъехула кхин цхьа дов иккхира Кадыровна а, Пачхьалкхан Думан депутатна Шамановна а йукъахь нохчийн йартийн цӀераш хийцар бахьана долуш.
Гезгамашин-беттан 25-чу дийнахь депутато, инарлас Шаманов Владимира критика йира Нохчийчуьра нах бехачу меттигийн цIе хийцаран хьокъехь долчу низаман проектана: "Оьрсийн мотт буьйцу бахархой цигара аратийсина ца Iаш, хӀинца церан цӀераш дӀайоху аша. Иза вайн пачхьалкхан истори йу. Аша хIун леладо?".
Кадыровс Шамановх "чагIалкх" аьлла, кхерамаш тийсира, ша иза кхеле озор ву аьлла.
Стенна сел мехала ду Кадыровна 500 ахчанан кехат тӀехь "Грозный-Сити" логотип хилар, хӀун ду Кадыровн а, Шамановн а конфликтна тӀехьа лаьтташ дерг? Цунах лаьцна дийцаре до оха «Новая газета Европа» газетан коьртачу редакторца Мартынов Кириллаца а, бакъонашларъярхочуьнца Ломаев Мусаца а.
Оьрсийчоьнан Коьртачу банко йукъахдаьккхина 500 сом ахчанан кехатан керла дизайн къастош онлайн кхаж тасар. Кеста йуха кхаьжнаш таса денош кхайкхор долуш ду цигахь. Билгалонаш хьалхалера йуьтур йу, амма кхажтасар керлачу хьелашкахь хир ду "харцо лелор йукъара доккхуш". Хаьржина ахчанан кехатан хьалхарчу агIон тIехь Пятигорскера йалх меттигех цхьаъ къасто дезар ду, ткъа тӀехьарчу декъана Къилбаседа Кавказан 16 гIишлонах цхьаъ.
Стенна сел мехала ду Кадыровна керлачу ахчана тӀехь "Грозный-Сити" комплекс хилар, дуьйцу нохчийн бакъонашларъярхочо Ломаев Мусас:
– "Грозный-Сити" - таханлерчу Нохчийчоьнан визитан карта ду, эр ду-кх вай. Амма визитан карточка дара "Нохчийчоьнан дог" маьждигца цхьаьна, ткъа ахчана тIе йилла цара цхьа "Грозный-Сити" хьахийра. Кадыров Рамзанна иза кхиаман символ йу, цо ма-оллура, дуьненайукъарчу терроризмана тIехь шаьш толам а баьккхина, Соьлжа-ГIала йерриг а херцаршлара гIаттийна аьлла. Хууш ма-хиллара, могӀарерчу нохчашна ишта ца хета, хӀунда аьлча, кху тӀаьхьарчу 25 шарахь хӀора дийнахь республикехь дӀайоьдучу геноцидан инзараллаш царна хаало. ТӀеман жигарчу муьрехь шаьш лайна инзаралла хӀинца а хаало нохчашна.
Аьлча а, нах лечкъош бу, хӀетахь а санна. Нехан дешан маршо йац, адам Iадийна ду, маьршша болх бан а бакъо йац церан, и бохург хIун ду, буьззинчу барамехь оцу рожах халкъ дозуш ду. Цундела нохчийн халкъана цхьа а толаман йа маршонан билгало ца го "Грозный -Ситица". Таханалера Нохчийн Республика- 100 процентана дотацех йозу регион йу. Цхьа а индустри йац, заводаш, фабрикаш, йац йеш цига инвестицеш, хIунда аьлча, массо а дуьненайукъарчу организацешна и регион йа маьрша а, йа паргIате а ца хета. ТӀаьхьарчу 25 шарахь нохчий уьдуш бу Нохчийчуьра. Шаьш Европе сехьадевллачул тIаьхьа оцу наха дуьйцу, шаьш лайна Iазап, оцу рожо шайга бохьучу баланах лаьцна, - бохура бакъонашларйархочо Ломаев Мусас.
«Новая газета Европа» газетан коьртачу редакторо Мартынов Кирилла дийцира, 500 сом ахчанан кехат тӀера «Грозный-Сити» комплексан куц-кеп хӀун билгало хила тарло кхузаманан Оьрсийчоьнна:
- Бакъдерг аьлча, и символ чIогIа шен меттахь хир йара тӀемаш латточу таханлерачу Оьрсийчохь, репрессех а, хIаллакдинчу адамах а йуьзна йолчу. ХӀунда аьлча, вайна хаьа, кест-кеста хуьлуш ма-хиллара, Кадыровс уггаре а хьалха шен раж, шена товш ма-йарра дIахӀоттийна хилар, цуьнца цхьаьна Путинан диктатура чIагIйеш. Цул тIаьхьа Нохчийн Республикаца гергарло лелош йолу, Оьрсийчоьнан кхечу меттигашкахь дӀасайаржа йолаелира Кадыровн Ӏедалан символ. Цундела Оьрсийчоьнан ахчана тIехь и Кадыровн Iедалан билгало гайтарца, ша и процесс а тIечIагIйийр йара.
Суна хетарехь, Кадыровна и жамӀ кхочушдар коьрта ду, ша дийна хилар а, республикан низамехь волу куьйгалхо вуьсуш хилар а, цуьнан хӀинца а Путинца шатайпа мерза йукъаметтигаш хилар а, шениг Нохчийчуьрчу бахархошна гергахь хьалхадьккхина ца Iаш, массо а Оьрсийчоьнан бахархошна гергахь а мехала хилийта. Кадыровна лаьа и сацам цхьаъ бен боцург санна чекхбаккха, ша вуно ницкъ болуш вуьсуш хилар а, шена цхьана а агIор кхерам ца хилар а, шена луъург Кремлехь дийцаре дан йиш хилар а гайта. Иштта, Оьрсийчоьнан ахчана тIехь а шен Iедалан билгало йита хьийза иза.
Нохчийн йартийн цӀераш хийцарна тIехула инарла волчу Шамановца даьллачу девнан хьокъехь аьлча, Кадыров, суна хетарехь, ма-хуьллу луьра жоп дала гӀоьртира, Шаманов кхеле озоре кхойкхуш, амма кхин гена даьлла хӀумма а ца хилира цунах. Вуьшта аьлча, ший а шаьшинна хетачунна тIехь висира. Шаманов, схьагарехь, ларвелира Кадыровх, кхин цуьнга совнах дерг ца олуш. Суна хетарехь, иза Нохчийчуьра Ӏедал къовсарца йоьзна процесс йу. Атмосферехь цхьа синхаам бу, Кадыровн позицеш гӀеллуш йу аьлла – дегIан ницкъаца а, политикан а агӀор.
Цуьнан диктатура цуьнан доьзална тIехь ишта чIогIа йоьзна йац, хьалха санна дог тешна, кханега хьоьжуш вац иза. Цунах пайдаэца буьйлабелла тайп-тайпана ницкъаш, блогершна тӀера парламентан депутаташна тӀекхаччалц. Хетарехь, хӀара йеккъа оцу процессан цхьа йукъараллин кульминаци йу. Шен ма-хуьллу дуьхьал тасавелла лаьтта Кадыров, Iедал шен нехан карахь дисийта, билгалонан пиарехула а, Кадыров ца хилча Путине Нохчийчоь латталур йац аьлла, сурт хIиттош, аьлла хета Мартынов Кириллана.
Депутато Шамановс йарташна керла цIераш тахкарна реза воцуш къамел дина масех де даьллачул тIаьхьа пачхьалкхан социалан машанашкахь хиллачу Наурская а, Шелковская а станицашкахь баьхначу бахархоша видеошкахь кхайкхамаш бира, "шайн комментареш шайгахь йита" аьлла. Цул тӀаьхьа кӀира даьлча Кадыров Рамзан а вистхилира, шина постехь. Цо Шаманов "чагIалкх" а, зуламхо а ву элира, Нохчийчохь шолгӀа тӀом боьдучу заманчохь Хьалха-Мартанахь цо маьрша нах байъина хилар дуьхьал а тухуш. Оцу тIехула, Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, Шамановс "гора а хӀоьттина, гечдар деха деза" меттигерчу бахархошка, цул тӀаьхьа кхеле хIоттона а веза. Кадыровс буьйцуш болу хиламаш нисбелла 1999-чу шарахь Хьалха-Мартанан кӀоштарчу Ӏалхан-Юьртахь. Human Rights Watch организацино хаамбира, "Запад" тобанан куьйгалла деш хиллачу инарлан Шамановн куьйгакӀел болу наха мел лаххара а кхел йоцуш I4 стаг вийна аьлла. ЧIагIдора, Шамановна хууш хилла эскархоша лелош йолу къизаллаш, амма цо хӀумма а ца дина уьш совцо бохуш. Меттигерчу бахархоша дийцира, нохчийн зударийн тобано дехарш динера инарле, къизаллаш лелар сацадахьара аьлла. Цаьрга ла ца дугӀуш, цо мелхо а кхерамаш тийсинера, нагахь уьш дӀа ца болхахь, тоьпаш тухур йу шаьш аьлла.2000-чу шарахь Котар-Юьртахь бен-башха доцуш герзаш диттина, маьрша бахархой хIаллакбарна Шаманов бехкехилар тIечIагIдина ду Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело а.