ru24.pro
World News in Chechen
Ноябрь
2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20 21
22
23
24
25
26
27 28 29 30

"Воккхачу стаге дIайелира со". Кхиъна а далале зудабер маре дуьгурш Кавказехь таIзарх муха бовлу

0
Хенал а хьалха доьзал кхоллар Оьрсийчоьнан пачхьалкхан мехкашлахь къаьсттина даьржина ду Дагестанехь а, Ставрополан махкахь а. Ишта хьесапаш дина бакъоларйаран Equality Now организацино шаьш арахецначу рапортехь. Къилбаседа Кавказан регионашкахь хенал а хьалха а, бертаза а маре стенна ло зудабераш, цунна хIун дан деза а дийцира тхан редакцина и таллам бинчара.


Оьрсийчохь лелаш репрессийн низамаш хиларна, оха ца йоху тхайца къамелаш динчийн цIераш.


Дуьненайукъараллин бакъонца а догIуш, берашна йукъахь захало дар – формалехь хуьлийла и, йа вуьшта хуьлийла иза, 18 шо кхачаза йоI маре йахар а, кIантана зуда йалор а ду. Адаман бакъо талхор ду и (къаьсттина зударийн), стен-боьршалла къастош ницкъбар а ду.


"Дуьхьалонаш йохор" цIе йолчу рапортехь дуьйцург ду ворхI пачхьалкхера хенал а хьалха доьзалш кхолларх: Эрмалойчохь, Узбекистанехь, Гуьржийчохь, Таджикистанехь, ГIиргIазойчохь, Оьрсийчохь. Тайп-тайпана дискриминацин кеапаш лелорна уггар а эгIаза зудабераш эвлашкара езидашлахь (Эрмалойчохь), ромашлахь, азербайджанхошлахь (Гуьржийчохь), узбекашлахь (ГIиргIазойчохь), ишта Къилбаседа Кавказан халкъашлахь а хилар къаьстина


Талламехь билгалдаккхарехь, тамашен хIума ду, хенал хьалха доьзал кхоллар нисдала тарло йоI лачкъийначул тIаьхьа (йадича цIа йар эхье лоруш ду), ишта кхечара йадорна кхоьруш йоьIан а, кIентан а дас-нанас барт бича а.




Бертаза маре дIайеллачу Хьалха-Мартанара йоIа дийцира, ша маре йохуьйтуш хилар девашас хаийтира шега аьлла.


"Сан 15 шо дара, со борхIолгIачу классехь доьшуш а йара. Цхьана дийнахь школера цIа йеара со, воккхаха волчу девашас йиттира суна. Со маре дIалур йу ша элира цо, эвлара шена вевзачу цхьана стаге. Со маре йохуьйтучу кIентан 30 шо дара. Дуьхьало йан со ца йаьхьира, хIунда аьлча, девашас оцу стагана дош деллера. Со маре ца йаханехь, цуьнан дош дохийна, иза атта хетар вара. Сайн шовзткъа шо кхаччалц оцу стагаца хан йаьккхира ас, суна ца везара иза, эххар а дIайахара со цуьнгара. Тхан йукъахь бераш дацара. Сан ваша а, цуьнан хIусамнана а машенахь бохам хилла делира, церан кегий бераш дисинера. Церан дола дан кхин стаг вацара, уьш айса кхион беза аьлла, Iалашо хиллачу сох царна нана хилира. Кхин цул тIаьхьа со маре а ца йахара. ХIинца со кхузткъе итт шарал тIехйаьлла йу. Хьанна хаьа, сан дахар муха нислур дара, сил жима йолчу хенахь со маре ца йахийтинехьара. Цхьа чохь са доцу хIума санна, воккхачу стаге дIайелир-кхо со", - дийцира зудчо.


Нохчийчуьра кхечу ввахархочун, Асланан, 19 шо дара, республикехь шолгIа тIом боьдучу хенахь, 15 шо долу йоI цо йалийча. Ший а мухIажар дара и шиъ, ГIалгIайчохь Iаш а хиллера. Аслан шен ненаца цIерпоштан вагон чохь Iаш вара, йоI а, цуьнан нана а - дечиган вагон чохь.


"2000-гIа шо дара. Гонаха боьхалла, къоьлла йара. Аса йадийра иза, амма хьалхе дуьйна бина барт бара тхан. Суо педофил ву аьлла, ца хета суна, - дезаш вовшахкхетта дара тхойша. Шен хенал а йоккха хетара иза, ткъа суна зуда йало лаьара, акхаваьлла ца лела. Баккхийчара тхуна дуьхьало ца йира, нана реза хилира нус керта йеана, иза жима йу аьлла, цхьанна а дага а ца деара. Там-мах бира тхан. Цуьнан 18 шо дуьзча сан нанас тхойшиннан кехаташ ЗАГС-е а даьхьна, официалехь регистраци йира тхуна йукъахь. Дуккха а шерашкахь и йезаш хан йаьккхира ас, сайн ткъе итт шо кхочуш, тIе зуда йало дагахь ву аьлла, цуьнга дIахаийтира ас, - иза чIогIа дуьхьал тийсайелира", - дийцира Аслана.


Оьрсийчоьнан низамашца а догӀуш, 16 шо кхаьчнехь, бакъо йу зуда долайаккха. Амма оцу хене йалаза йоI йигар, зулам лоруш ду. Кху аьхка Адыгейхь маре йаха хан 14 шаре охьайаьккхина, масала, Нохчийчохь а санна. "Къаьсттина хьелашкахь" маре яха йиш ю: доьзалхочух лацайелла 12 кӀиранал сов хан йелахь, нагахь санна, зудий-майрий лаххара а пхеа шарахь Адыгейхь даьхна делахь, ткъа кхиазхойн дай-наной церан захалонна реза белахь а. 


"Зудчун сексуале хиларна тIехь контрол латтор"

"Дуьхьалонаш йохор" рапортан цхьахйолчу авторо билгалдаьккхира редакцин корреспондентаца хиллачу къамелехь, Кавказехь хьалхе маре эхар кхиъна догIуш хIума ду аьлла.


"Зудаберийн цхьа дакъа, къаьсттина йарташкара, 14-15 шо кхаьчча школе ца оьхуьйту, уьш маре бахйита дагахь. Къилбаседа Кавказера цхьа могIа йукъараллашкахь чIогIа кхоьру, мехкарийн кхиаона тIехь Iуналла латтон гIерта уьш "сий лардеш йуьйр йу" бохуш, йа уьш айпен бен операцеш йеш. Дагестанехь маре йоьду хан иштачу дозанашкахь йу: зудаберашна – 13 шарера 22 шаре кхаччалц, кIенташна – 15 шарна тIера 25 шаре", - дийцира цо.


Талламхочо билгалдоккху, Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексехь нускал лачкъор къаьстина зулам санна билгалдаьккхина цахилар. Оьрсийчоьнан Федерацин "Стаг лачкъор" цӀе йолчу бехктакхаман кодексан 126-чу артикло 4 шарера 6 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан кхачайо, амма лачкъийна стаг шен лаамехь дӀахецча, бехктакхаман жоьпалла данне а дац цунна тIедожош.




"Дагестанехь 2019-чу шарахь Бабаюьртахь 16 шо кхачанза йолчу йоӀаца эвхьаза гӀуллакх лелорна бехке винчу стагана кхел йара йеш. Оцу гӀуллакхашкахь бехкбиллархо йу пачхьалкх. Адвокато дехар дира, гIуллакх сацадахьара аьлла, бехкевийриг оцу йоIаца берта а вахана, иза шен долайаьккхинера цо аьлла. И дерриг а чекхделира цхьана шарна хан а тухуш. Суьдхо реза хилира, и кIант набахте хьажавойла дац, хIинца цуьнан доьзал бу, цо кхаба безаш бу и аьлла", - дийцира талламан авторо шена гинчух лаьцна.


Оьрсийчохь доьзалехь ницкъ баран хьокъехь низам дац, цундела эвсаре гӀо дойла йац хьалхе маре оьхуьйтучу берашна. Къамелхочо билгалдаьккхира, зудчун дегӀан а, синмехаллин а хьолана Ӏаламат доккхе зен деш хилар жимчохь бераш даро а. Къилбаседа Кавказехь къоман, денна а лелаш йолу специфика йу и бохура цо: "Зуда хилар, ткъа къаьсттина шен универсалан адамийн бакъонаш кхочушъян лууш йолу зуда хилар, кхераме хила даьлла".


"Къена йоIстаг" олу йалхийтта шо делахь

Кхечу рапорт хӀоттийначарех йолчо дуьйцу, цхьадолу хенал хьалха дина захалонаш данне а йукъадогIуш цахилар статистикана, хIунда аьлча, уьш официалехь дӀайаздина ца хиларна. И захалонаш там-мах бина деш ду. Мехкарий маре бахарх, уьш бераш дуьненчу дохучу дарбанан цIийне кхаьчча бен хууш ца хуьлу. Зе хилларш, йа шаьш лачкъочу хенахь теш хилларш, полицица зӀене ца бовлу.




Талламо бахарехь, Ростов-махкахь а, Кубанехь а, Ставропол-махкахь а бехачу къаьмнийн юкъараллашкахь къаьстина даьржина ду хенал хьалха захалонаш дар. Кхин а алсам нисло, 16 шо кхачале маре йахар тӀедожош йолу юкъараллаш, ца йодахь "къена йоIстаг" олий цIе кхуллу цунна. Оцу кепара хIума алсамдолуш ду, ишта Дагестанехь а, нохчийн йарташкахь а.


2023-чу шарахь Къилбаседа-Кавказан федералан гонашкахь схьадиллира 11 бехктакхаман гӀуллакх, кхиазхочуьнца эвхьаза гӀуллакх лелорах лаьцначу артиклца. Цхьаъ бехкевеш бен гIуллакх тIе ца чIагIдира, шо хьалха 23 уьш хиллехь а. Дагестанехь хIетахь шиъ бехкзуламан гIуллакх йукъахдаьккхира, шина агIонан барт а хилла. Ткъа цхьана гIуллакхехь бертаза лоьрийн экспертиза йайтира. Аьлча а, зуламхо таӀзарх кӀелхьараваьллера, амма официалехь зуда схьайало реза ца хилира иза – республикехь наггахь таIзарх бовлу, психикаца йоьзна проблемаш йу олий, кхетийра рапорт кечйинчех цхьаммо.


Бертаза маре балар

Equality Now организацин юридикан хьехамчас, талламаш бечарлахь хиллачу Грязнова Дарьянас дийцира редакцига, хьесапаш динчу ворхI пачхьалкха йукъахь Гуьржийчоь а, Азербайджан а къаьстина хиларх, маре воьду хан 18 шо дуьзначул тIаьхьа йолуш.


Оьрсийчохь хьалхе доьзал кхоллар официалан тIегIанехь проблема лоруш йу, амма Бехкзуламан кодексехь артикл йу, шега маре йига Iалашонца йадорах.


"Артиклехь билгалдаьккхина ду, "Шен лаамехь лачкъийнарг маьршаваьккхинарг бехкзуламан гIуллакхех волуьйтуш ву, нагахь санна, цуьнан леларехь кхин зуламан билгало ца хиллехь". Делахь а, талламаш тIера хаамашца вайна гуш ду, цуьнан репутаци талхийна хила тарло, цхьа хан ша лачкъийначу стагаца цо йаккхахь. Къаьсттина и буьйса цIахь йаьккхина йацахь. И бахьана долуш ша лачкъийначу стаге маре дIайаха декхаре хуьлу иза, шех лаьцна эладиташ нахера ца хезийта а, доьзална тIе эхь ца дан а", - билгалдоккху Грязновас.


2009-чу шарахь оцу артиклна тIетуьйхира кхин цхьа билгалдаккхар а - цуьнца а догIуш, таIзарх вала тарло иза, ша йадийнарг цо маре йигахь", - аьлла хета Грязнова Дарьянина.


"Адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н комитето боху, нагахь санна, и зуда хьийзийна йелахь, шен ницкъахочуьнга иза маре йахийта мегар цахилар. Комитетан декъашхошна хетарехь, зуламхочунна тIера жоьпалла дIадаьккхина ца Iаш, низамаша маре йаха магийна йолу хан а охьайоккхуьйту цо", - билгалдаьккхира бакъоларйархочо.


2021-чу шеран официалан зерашца, Оьрсийчохь 18 шо а кхачале маре йахана 4453 йоI, зуда йалийна 614 кIанта. 20-24 шераш долчу зударшлахь 6% бертаза маре бахийтина хилла шайн 18 шераш а дузале, 0,3% - 15 шо кхачале.



Ad Rem проектан бакъоларйархоша билгалдаьккхира, Къилбаседа Кавказехь хенал хьалха маре йалар даим доьзна хуьлу зударш хьийзош хиларца. Церан бакъо йац шайна маре дан кIант шайн лаамехь харжа а, шайн дахар ма-хетта нисдан а.
Нохчийчохь къайлах зуда йалийра мехкан куьйгалхочун кIантана, 17 шо долчу Кадыров Элина. Пачхьалкхан думан депутатан Делимханов Адаман гергара йоI йалийна цунна, йаздора "Новая газета. Европа" гIирсо. Ишта хаамийн гIирсашкахь дуьйцура Кадыровн кхозлагIчу кIантана – 16 шо долчу Адамна а зуда йалийна бохуш. Оцу хаамаша йуха а айдира, регионехь хенал хьалха нускалш далор, зудабераш маре дахийтар низамашца догIуш цахиларх хеттарш, бохура редакцин эксперташа.