ru24.pro
World News in Chechen
Ноябрь
2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20 21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Пачхьалкхехь тIехь да воцуш бисинчу доьзалашна луш долу пенсеш уггар а кӀезиг ду - Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а

0
ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь динчу зерашца, Оьрсийчохь тIехь да воцуш бисина доьзална луш долчу пенсин барам бара 15 эзар сом, амма Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а иза шозза кӀезиг ду. Социалан ахчанан барам а лахара бу Оьрсийчоьнан юккъерчу барамал Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а цхьа могӀа кхечу регионашкахь, Пенсин а социалан страховани фондан тӀаьххьарчу статистико гайтарехь.


ТIехь да воцуш бисиначу доьзална пенси луш ду, нагахь санна, цу стага царна рицкъ латтош хиллехь. Юккъерчу барамехь Оьрсийчохь гIадужу-беттан 1-чу дийнахь иза 15 245 сом ду, ткъа Архангельскан кӀоштахь а, Чукоткехь а иза 20 эзарнал сов ду.


Оьрсийчохь да воцуш бисинчу доьзална луш долу пенси уггар а лахара ду ГӀалгӀайчохь, иза 5949 сом бен дац. ШолгӀачу меттехь йу Нохчийчоь, пенсин барам бу – 6644 сом. ЙоьалгIа меттиг дӀалоцуш йу Дагестан, кхузахь пенси ду -8745 сом. Уггаре кӀезиг оцу пенсин барам бу иттех регионехь, царна йукъайахана Къилбаседа ХӀирийчоь (9487 сом, 6- меттиг), ГӀебарта-Балкхаройчоь (11161 сом, 7-меттиг) а, Адыгей а (12510 сом, 9- меттиг).


Къилбаседа регионашна юкъахь тIехь да воцуш бисинчу доьзална уггареа лакхара пенси кхачадо Краснодаран махкахь (15 205 сом) а, Ростовн кӀоштахь (16 799 сом). ТӀаьххьарниг, Къилбаседанера цхьаъ бен йоцу регион йу, ахчанан барам ерриг а Оьрсийчоьнан тӀегӀанал совбаьлла.



2023-гӀа шо чекхдолуш ГӀалгӀайчоь уггаре а лахара пенсеш долчу хьалхарчу кхаа регионна а, заьӀапхойн пенсеш уггаре а лахара долчу хьалхарчу пхеа регионна а юкъайахна. Иштта республика тӀаьххьарчу меттехь йуьсу бахархойн тIедогIучу барамца, ткъа бахархойн тIедогIург лахлуш ду, ерриг пачхьалкхехь уьш хаъал алсамдевллехь а.
Нохчийчуьра хIора кхоалгIа доьзал къоьллехь беха, цхьана стагана баттахь 14 эзар сом алапа кара а догIуш. Цунна тоьшалла дира махкарчу Iедалхоша а. Муха хене буьйлу оцу кепара доьзалш Нохчийчохь, КадыровгIеран доьзало оцу йуккъехула гойтучу хьоло хIун гойту, "хала бохкучарна гIо латтор" республикера пропагандин коьрта гIирс а муха хилира, къастийра Кавказ.Реалиин сайто.
2023-гӀа шо чекхдолуш Къилбаседа Кавказан 6 регион – ГӀалгӀайчоь, Кхарачойн-Чергазийчоь, ГӀалмакхойчоь, ГӀебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХӀирийчоь, Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан регионийн социалан-экономикан хьолан рейтингехь лахарчу итт меттигехь карийна. Таллам бина РИА Новости олучу пачхьалкхан агенталло. Анализ йира, бахархойн тIедогӀучу ахчанца, декхаршца, белхазаллаца, кегий беран даларан терахьца, адаман дахаран ханца, леларца а, къечу нехан терахьца а.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь шен республикехь дерриге чIогIа вуон доцуш ду; дерриге Путин бахьана долуш дика схьадогIу,” - аьлла, президентана баркалла элира. 2022-чу шарахь регионехь тайп-тайпачу сферашкахь тоьллачарех меттигаш йаьхна ду шаьш. Амма цо мел дийцинарг официалан – статистикица цхаьанадогIуш дац.