ru24.pro
World News in Chechen
Ноябрь
2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20 21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Прокурорна кхерамаш тийсарна бехкевен адвокат Идалов лаьцна йуха а

0
Москварчу Никулинан кӀоштан кхелан прокурорна кхерамаш тийсарна бехке веш волу адвокат Идалов Тимур Нохчийчохь йуха а лаьцна, хаамбира цуьнан белхан накъоста Сотников Дмитрийс, шен Фейсбукера агӀонехь. Товбеца-беттан йуьххьехь, талламаш чекхбевллачул тӀаьхьа, лаьцначуьра мукъаваьккхира иза. Цомгуш йолчу шен нене хьажа ваханера иза Нохчийчу, амма гIадужу-баттахь йуха а лецира кхелан сацамца.


Идалов бехке веш ву 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Москварчу Никулинскийн кхелан пачхьалкхан прокурорна кхерамаш тийсарна. Бехктакхаман гӀуллакхехь дакъалоцуш, прокуроре дӀа а вирзина: "Хьо комиссар Каттани ву (Италин сериалашкара мафина дуьхьал къийсамхо - Ред.)? Герз тоьхна вийна иза" аьлла цо.


Идалов оханан-беттан 13-чохь лаьцна, дӀахьажийра Москварчу номер 4 СИЗО. Товбеца-беттан 5-чохь талламаш чекхбевллачул тӀаьхьа цунна цхьацца гӀуллакхаш доьхкуш барамаш тIеэцнера. Адвокатан гергарчара цуьнан социалан машанашкахь хаам бира, буса 10 сахьт даьлча Ӏуьйранна 7 сахьт даллалц цӀера аравалар дихкина цунна аьлла. Адвокато кхеле хаам бира, шен ненехь вон хьал хилар бахьана долуш, "цхьа де" хьалха хаам бира кхеле Нохчийчу вахарх лаьцна - цигахь ша а цомгуш хилла, дарбан цӀийне кхачо дийзира аьлла. Иза иштта делахь а, кхело сацам бира иза йуха а лаьцна латто. Оцу сацамна дуьхьал адвокато бина латкъам луьстуш хилла Москван кӀоштан кхело гIадужу-беттан 20-чохь: латкъам кхело йухатоьхна.


ГIадужу-беттан 30-чу сарахь Нохчийчохь лаьцна Идалов, Нальчике дӀавигира, боху Сотниковс. Цо дийцарехь, тӀаьххьара дош олучу хенахь цуьнан дакъалацар оьшуш лерина кхело: амма иза воцчохь, хьалхо а дӀадаьхьна хиллера агӀонашна йукъахь дийцарш дар.


Хьалхо Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехула шен гӀуллакх Нохчийчу дехьадаккха гӀоьртира Идалов. Амма цунна дуьхьало йира инцидент хиллачу Никулинскийн кхелера гӀуллакх дехьадаккхарна. Лакхарчу кхелан ладегIарш хиллачул тIаьхьа, гIуллакхан материалаш дӀахьажийра Химки гӀалин кхеле.



Идалов Тимур – Нохчийчуьра ву, милцо болх бина цо, дагадоуьйту "Новая газета. Европа" хьасто. Дуьххьара таIзар динера цунна, 1999-чу шарахь Эрмалойчоьнан президент хила гIерта Джилавян Серж лачкъийначу тобанан куьйгалхо хилла ву аьлла. ШолгIа наркотикашца доьзна бехкевира иза. 2012-чу шарахь, "Коммерсантан" информацица, Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело компенсаци кхачийра цунна, кхел харцонца йарна а, цуьнца къизаллаш лелорна а.
"Коммерсантан" информацица, ГIалгIайчуьра экстремизмна дуьхьало латточу Центран хьалханча Эльджаркиев ИбрехIим верца доьзначу гIуллакхехь бехкевен Белхороев Алиханан адвокат вара Идалов. И гIуллакх листа Къилбан гонашкара тIеман кхеле кхачийна дечкен-баттахь. 2020-чу шарахь Идаловс дIахьедира SOTA телеграм-каналана йеллачу комментарехь, ша Iалашвечунна тIехь Iазапаш лелийнера Буьри-ГIаларчу номер 6 йолчу СИЗО-хь аьлла.
SOTA-н хаамашца, Идаловн юкъарлонаш ду Лев Пономаревн "Адамийн бакъонашкахьа" цIе йолчу боламца, цо Iалашвеш вара Хабаровскан экс-губернаторца Фургала Сергейца доьзначу гIуллакхца таIзар дина Кадыров Мурат а. 2018-чу шарахь Идалов адвокат хIоьттира ГIебарта-Балкхаройчуьра Бегидов Альбертан. Иза бехкевора Кировн кIоштара Омутнинскера "таIзаран" колонин белхахочунна тIелатар дина аьлла.
2012-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело компенсаци йелира цунна, харцонца кхел йарна а, цунна тӀехь Ӏазап латторна а латкъам бар бахьана долуш.