ru24.pro
World News in Chechen
Октябрь
2024
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12
13
14 15 16 17 18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Кремло коментари ца йира Кадыровс сенаторна а, шина депутатана а кхерамаш тийсарна

0
Кремлан векало Песков Дмитрийс комментари йан реза ца хилла Кадыров Рамзана сенаторна Керимов Сулейманна а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташна Барахоев Беханана а, Курбанов Ризванна а дуьхьал чIир кхайкхо кхерамаш тийсарх лаьцна. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо бехке бира уьш, шан вен кечам беш бара бохуш. Песковс хьехар дира Кадыровна, нагахь санна, вен кхерам белахь, полице дIахьедар де аьлла.


Интерфаксо йаздо, хӀора денна дӀахьочу брифингехь журналисташа Песковга комментари йар доьху, "Оьрсийчоьнан цхьана регионан куьйгалхочо сенаторна а, шина депутатна а дуьхьал цӀий Ӏанорна кхерамаш тийсарх лаьцна".


"Оха цу хьолана комментари ца йо. Нагахь санна цхьа кхерам белахь,  муьлхха а вахархо зӀене волу низамхошца, цара, низамца, шайн болх бийра бу. Кхин тайпа комментареш хила йиш йац цу хьокъехь"-элира Песковс.


ГIадужу-беттан 9-чохь- Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша чIир кхайкхор йу аьлла кхерамаш тийсира, Дагестанан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхочунна, миллиардерна Керимов Сулейманна , нагахь санна Нохчийчоьнан куьйгалхо вен омра дала гӀортарца ша гунахь вац аьлла, тоьшаллаш цо ца дахь. Изза кхерам бу ГӀалгӀайчуьрчу Пачхьалкхан Думин депутаташна Барахоев Бекханна а, Дагестанера схьаваьллачу Курбанов Ризванна


Курбанов Ризвана  шен зорбане йакхинчу видеохь, дIахьедар дира Кадыров вен кечдарехь ша дакъалаьцна ца хилар, иштта дIахьехар дира  Барахоевс а. Керимов Сулеймана комментари ца йира. Оцу йукъанна Керимовна "Дагестанан сийлахь вахархо" цӀе йолу дашо орден йелира, ткъа регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс дош делира сенаторна гӀортор йийр йу аьлла.



Цу кепара республикан куьйгалхочо дуьххьара комментари йира гезгмашан-беттан I8-чохь Оьрсийчоьнан уггаре а йоккхачу Вайлдберрис маркетплейсан Москварчу офисехь хиллачу герзаш деттарх лаьцна. Кадыровс хиллачух "денна хуьлуш долчу бахьанашца, нах вовшашна дуьхьал латийта гӀертар ду" элира. Ткъа герзаш деттарехь дакъалоцуш хиллачу кадыровхошна дуьхьал долу бехкаш, шега схьакховдо деза аьлла, дIахьедар дира цо.
Керимов Сулейман а, Барахоев Бекхан а масийттаза хаавеллера Вайлдберрис а, арахь реклама йеш йолу "Русс" компанеш цхьаьнатоха луучу нахана юкъахь. И барт бахьана долуш Кадыров Рамзан йукъагӀоьртира Вайлдберрис маркетплейс кхоьллинчу Бакальчук Татьянин а, Владиславан а девна. Кадыров Рамзана дош деллера бизнесхочун Бакальчук Владиславан хӀусамненаца, Вайлдберрис компанин долахочуьнца Бакальчук Татьяница "йист йаккхаза Iийр вац" ша аьлла. ХӀун йукъаметтиг йу депутатан Курбанов Ризванан оцу гIулкхца, хууш дац.