ru24.pro
World News in Chechen
Октябрь
2024
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12
13
14 15 16 17
18
19
20
21
22 23 24 25
26
27
28 29 30 31

Нохчийчохь йагорг йуттучохь хиллачу эккхарна т1ехула бензин кхоьху машенлелархо лаьцна

0
ГIадужу-беттан 12-чу дийнахь Соьлжа-ГӀаларчу йагориг йуттучу станцехь экхийтар хилира, 4 стаг  вуьйш, царна йукъахь ши бера а долуш. Талламхоша хиллачунна бехке во йагорг лелоран машенлелархо.


Республикехула йолчу Талламан комитетан урхалло хаам бина, оцу г1уллакхан хьокъехь шеконашца цхьа стаг  лаьцна хиларх, цуьнан цӀе йаьккхина йац; Урхалло бинчу хаамца, машенлелорхочо кхерамазаллин барам лар ца барна бахьана долуш йаьлла цӀе. Шиъ, йа цул сов стаг валар- артиклца бехктакхаман гӀуллакх долийна.


LionTek олучу йагорг станцехь эккхийтар хилира, Ахматовн кӀоштарчу Мохьмад Ӏелан цӀарахчу проспектехь - "Грозный-Сити" комплексана гена йоццуш а, масех дешаран учрежденина а, берийн клиникана а уллехь а. Видео дӀайаздаршка хьаьжча, цкъа хьалха цӀе йалла станцехь, цхьа хан йаьлча, йагорг латтош йолу бак иккхина, масех бӀе метр гена  дӀа а кхуссуш.


Кадыров Рамзана дӀахьедира, г1уллакх шен Ӏуналлехь ду аьлла. "Шеко а йоцуш, низамо ма-бохху жоьпе озор бу инцидентана бехке берриш а", - йаздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Telegram-каналехь.



Гезгамашин-беттан 27-чу дийнахь I3 стаг а вуьйш йагорг йуттучу Plus станцехь эккхийтар хилира, станцин долахо лаьцна Дагестанехь. Джанхуватов Марат бехкево кхерамзаллин барамаш лар а ца беш, хьелаш хIитторна, хаамбина Дагестанерчу Талламан комитетан урхалло.
Шо хьалха республикехь рогӀера бензинан станци а иккхира: хIетахь велира 37 стаг, бӀе сов вара чевнаш йинарг. "И тайпа бохамаш кхин хир бац", - дIахьедира хӀетахь регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс. Йа цу тIехь Iуналла латточу органаша а, йа Ӏедалша а цхьа а жамӀ дина дац стохка хиллачу эккхийтарх, боху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.