ru24.pro
World News in Chechen
Октябрь
2024
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12
13
14 15 16 17 18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Кадыров Рамзанан нуц "Ахмат" футболан клубан вице-президент хIоттийна

0
Нохчийчоьнан куьйгалхочун нуц Мацуев Висхан "Ахмат" футболан клубан вице-президент хIоттийна. Оцу даржехь иза вовзийтира регионан куьйгалхочун воккхах волу кIанта спортан министро Кадыров Ахьмада, хаам бо пачхьалкхан ЧГТРК "Грозный" канала.


Хьалхо ша Кадыров Ахьмад вара ФК "Ахматан" вице-президентан даржехь, и дарж цуьнга кхечира 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, Нохчийчоьнан премьер-министро Даудов Мохьмада футболан клубан вице-президентан Iалашонаш шена тIера охьайехкинчул тIаьхьа – оцу даржехь иза вара 11 шарахь.


Мацуев Висхан, Кадыров Рамзанан йоккхах йолучу йоьIан, Нохчийчоьнан вице-премьер йолучу Кадырова Iайшатан цIийнда ву. ГIадужу-баттахь Мацуевн республикан лаккхара совгIат дира – Кадыровн цIарах орден. 2023-чу шеран товбеца-баттахь республикин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийра иза. Цул хьалха даьхнийн а, латтанийн йукъаметтигийн министран даржехь вара иза, иштта Нохчийчухула йолчу МВД-н миграцин урхаллин куьйгалхо а вара.


Кху шеран чиллан-баттахь цунна Нохчийчоьнан "турпалхо" цIе йелира, билгал стенна йелла йу, дуьйцуш дац. Цуьнан да – Мацуев Зеламха – Кадыров Рамзанан йуххера накъост а, хадархо а вара.



Нохчийчохь пачхьалкхан даржашка хIиттабо Кадыровн доьзалхой, цуьнан йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира КадыровгIеран тайпа-тукхумах пачхьалкхан структурашкахь болх бечех дуьззина тептар.
Iайшат – Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI йу. Шен 17 шо долчу заманчохь Firdaws модин цIийнан директор хилира цунах. 2009-чу шарахь цуьнан нанас Кадырова Меднис схьдиллина дара и. 2020-чу шарахь цкъа йуьхьнаца регионан культурин министран хьалхарчу гIовсан дарже хIоттийра иза, ткъа 2021-чу шарахь 22 шо долуш министр хилира цунах. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршкахь йу 24 шо долу Кадырова Iайшат. Цул совнах Американ санкцешна йукъатоьхна Кадырова Iайшатан Firdaws модин цIа а.