Нохчийчуьра бахархой кадыровхоша лечкъорах - царех цхьаъ велла Iазапех
![Нохчийчуьра бахархой кадыровхоша лечкъорах - царех цхьаъ велла Iазапех](https://gdb.rferl.org/01000000-0aff-0242-c88a-08dc79c197fd_tv_w800_h450.jpg)
Нохчийчохь полицин декъехь йиттинчул тIаьхьа велла меттигера вахархо Магомадов Iабдулла. Церан хаамашца, Магомедов ницкъахоша стигалкъекъа-беттан йуьххьехь дIайахьначу рейдашкахь лечкъийначу нахех цхьаъ вара. И хаам баржийра оццу оппозицин телеграм-каналаша, тIаьхьо хаам тIечIагIбира «Мемориало» а.