ru24.pro
World News in Chechen
Май
2019

Титиев хенал хьалха колонера аравалийтар доьху адвокато

0
"Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан адвокато дехар дина Шелан гIалан кхеле, тутмакх набахтера хенал хьалха аравалийтахьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина цу адамийн бакъонаш ларйон центро Telegram-чу шен агIонехь, дуьйцу ТАСС агенталло.


Кхушара Зазадоккху-беттан 18-чохь Титиевна 4 шо колонехь (колония-поселение) даккха хан туьйхира Шелан кIоштан кхело.


 Бакъонашларъярхо лаьцнера стохка Дечкен-беттан 9-чу дийнахь. Ницкъаллин структурийн белхахоша чIагIдарехь, цуьнан машенна чохькарийнера наркотикаш. Титиевс бехк тIе ца лаьцна.