ru24.pro
World News in Chechen
Февраль
2018

Кавказхошка харжамашна тергам баре кхайкхина Навальныйс

0
Оьрсийчуьрчу оппозицин политико Навальный Алексейс кхайкхам бина Къилбаседа Кавказерчу бахархошка, президентан харжамашна тергам беш дакъалацахьара аьлла. Цо леррина видео дIаязйина, Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а, ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу а, Къилбаседа ХIирийчуьрчу а, ГIезалойчуьрчу а, Башкортостанерчу а бахархошка вистхуьлуш.




Навальныйна хетарехь, цу республикашкахь Iедалша шайна лууш долу терахьаш дIахIиттадо харжамашкахь.


Шинарин дийнахь хиина ОБСЕ-н цIарах 50 тергамхо хирг хилар Оьрсийчохь президентан харжамаш дIабоьлхуш тIехьожуш. Уьш кхочуур бу 50 регионе, амма царна юкъахь яц ГIирма а, Кавказ а.