ru24.pro

World News in Chechen

Новости от Russia24.pro

Russia24.pro Каталог
Март
2026
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10 11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Все новости

ХIирийчуьра йахархо Москвахь дуьхьалйуьйлу | КЕРЛАНАШ

Radiomarsho.com 

ВорхI шо а ду шен вешина йиттинчу полисхошна таIзар дайта хьийза Моздокера йахархо. Йуьхьанца ХIирийчохь пикеташка йуьйлура Мельниченко Юлия, тIаккха- Москвахь, Оьрсийчоьнан Коьртачу прокуратурина хьалха.

Рейдаш а, бух боцу чIагIонаш а: Нохчийчохь мархийн баттахь мехаш тIебиттина

Radiomarsho.com 

Бусалба нехан беза мархийн бутт болабаларца Нохчийчохь хаъал тIедиттина мехаш йуучунна хIинцале а, оцу хьоло эргIадалла гIаттийна бахархошлахь. Цара латкъамаш до Iедалхоша цу хьолана беш тIеIаткъам бац бохуш. Амма мархийн бутт герга кхочучу заманчохь Кадыров Рамзана хьаькамашна тӀедиллира базарашна а, туьканашна а тӀехь терго латтор а, мехаш "даима а Ӏуналлехь латтор" а. Тхан сайто теллира, мел эвсара хилла и болх экономикан а, социалан а, динан а агӀор, цу батто базарашна муха Ӏаткъам бо а. Беттан... Читать дальше...

"Ахматан" инарлана дуьхьал йу РПЦ

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан православин килсера керста нехан а, бусулбанийн а цхьааллех лаьцна ша йазйинчу книгана йеш йолу критика тIе ца эцна "Ахмат" спецназан буьйранчас, Оьрсийчоьнан инарла волчу Алаудинов Аптис.

"Ах туьта йац": Оьрсийчоьнан эскарера Дагестанера салти

Radiomarsho.com 

Дагестанера 19 шо долчу салтичун Хизбулаев Магомедбекан дас кхайкхам бина мехкан депутаташка, шен кӀантана Оьрсийчоьнан эскарехь йиттина бохуш дуьйцург талла аьлла. 20 дийнахь кхетамчуьра ваьлла хан йаьккхина жимачу стага, ткъа ша меттавеача цо дIахьедина, шена йиттина аьлла.

Лачкъор дац, бераш цIадерзор ду? Ненера бераш нуьцкъаша схьадахар а, кавказхойн ламасташ а

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь доьзал дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа бераш ненера схьадахарх лачкъор ца олу, дукха хьолахь "бер шен дайх дIатоьхна" олу. Цунна тIехь гуш ду шерашкахь наноша шайн берашна тIе ден некъаш, цаьрца зIе латторхьама хьоьгу къа а. Наношна луург коьрта хIунда ца хета, ткъа доьзална а, къаношна а хетарг а низамал а деза стенна хета, къастийра тхан редакцино. ГӀалгӀайчуьрчу жимчу зудчо Евкурова ПятIимата ворхӀ шарахь къийсира, шен хиллачу хIусамдас нуьцкъала дӀавигина кӀант ган бакъо. Кхин шен кIант маракъовла йиш йоцуш, кхелхира иза. Читать дальше...

Кадыров Адама: Соьлжа-ГIалара бохам

Radiomarsho.com 

18 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀантах Кадыров Адамах некъахьовзам Iоттабелла Соьлж-ГӀалахь. Орцан министраллан кеманца Москва кхачийна иза. Республикехь Ӏедалан масех даржехь ву кхиазхо.

КадыровгIеран керла мидалш а, Басаевн гIаттамхо лацар а. КIиранан жамIаш

Radiomarsho.com 

КадыровгIара санна хьалххе доьзал чуберзо беза аьллачу Путинна реза бац бакъонашларйархой, нохчийн куьйгалхочо шен кIантаца дIасахийцина мидалш, Басаев Шемалан "тобанехь хилла" стаг лацар. Цунах а, и доцчух лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 127-чу подкастехь. YouTube Spotify Overcast Amazon Audio Кадыровн бераша хенал хьалха доьзалш кхоллар а, бакъонашларъярхоша йен критика аКадыров Рамзанан доьзалера масал а оьцуш, шайн берашка хьалххе доьзалш кхоллийта аьллачу президентан... Читать дальше...