ru24.pro
World News
Декабрь
2024
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25
26
27
28
29
30
31

"Тамехь бахьана а хIоттийна бизнес дIайаккхар": Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь динан бакъонаш муха йу

0
Кху кӀиранах Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхайкхам бира, бусулба регионехь "товш йоцу" реклама йолу хазаллин салонаш дӀакъовла аьлла. Иштта цо дӀахьедина, низамаш талхийна болх беш хилла цхьа могӀа аптекаш дӀакъовларх а, дIакхайкхийра республикехь зударий а, божарий а къаьстина тIеоьцур болу керла аптекаш йоьллур хиларх. Эксперташа дийцира тхан редакцига, Кадыров Рамзан "исламизаци" чӀагӀъян муха гӀерта а, цо арабаьккхина некъ наггахь динца а, Оьрсийчоьнан низамашца а бIостане муха хуьлу а.


Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхетийра цхьайолу хазаллин салонаш дӀакъовла йезаш хиларх, корматалла йоцчу церан белхахойх зударий Iалашбан а, ткъа иштта косметикан операцеш йинчул тӀаьхьа социалан машанашкахь тайп-тайпана шайн дегӀан меженаш гайта гӀертарх а уьш ларбан лаамца ду аьлла.


"Мехий детта салонаш чохь, тIаккха и бале долу, нах дарбан хIусамашка кхачабо. Суьрташ хIиттадо (социалан машанашкара шайн агIонашка. –Редакцин билгалдаккхар), гайта йиш йоцу меженаш дIа а оьхьуш. Адам эвхьаза доккху салонаш дIакъовла йеза", - дIахьедира цо.


Критика йира Кадыровс аптекашна а. Цо бахарехь, низамашкахь йоцу 53 аптека дIакъевлина. Церан меттана цо хьийхира Darba Pharmacy цIарца цхьа могIа аптекаш йахкар. Оцу цIарца хьалхара аптека схьайиллина кху беттан 14-чохь, цигахь хилира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Шен телеграм-каналехь цо хаамбира, Darba Pharmacy аптека чу божарий а, зударий а ша-ша буьтур бу аьлла, бохура "дика кечйина" а, "низаман массо а элпаца йогIуш" а хир йу уьш аьлла. Йерриг а 15 аптека йелла Iалашо йу.




Darba Pharmacy аптекин долахо Гелогаева Луиза йу, цуьнан бизнесан уьйраш йу Кадыровн кхоалгӀачу йоӀаца Табарикца а, ткъа иштта Нохчийчоьнан урхалхочун секретариатан куьйгалхочун гӀовс хиллачу стагаца а, къастийра "Вестка" сайтан журналисташа. Хьалхо Соьлжа-ГӀалахь баккъалла а монополи йеш хилларг Кадырова Табарикан компани йара – транспортан мехаш кхузза бохург санна хьалабахарна бехке лоруш а йу иза.


Дахаран массо а дакъошка гIоьртина "кадыровщина", бохура шен цIе а ца йоккхуш, Соьлжа-ГIалара аптекин сферехь болх бечо: "ХӀинца цо ШарӀан цхьацца башхаллаш карайерзош йу, амма йеккъа цхьана ша Кадыров Рамзана тидарехь. Кхо а, кхиндолу дуккхаъ долчо а санна, пайда бохьур бу цуьнан доьзална".


Пайда бохьучу гIуллакхех, тIаьххьара, Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзало хIинццалц схьа дола деш йоцу бизнес йара - аптекийн бизнес республикехь, бохура фармацевтикан бизнесан кхечу белхахочо: "ХӀинца вай дӀахаийта йиш йу, массо а ресурсашна тӀехь дуьззина Ӏуналла деш а, ахча даккха муьлхха а аьттонаш болуш а КадыровгӀеран йоллу клан чIагIйелла йаьлла аьлла. Иттаннаш аптекаш дӀакъовлар, къаьсттина "тамехь" динца доьзна бахьана а далош,  цо ма-йарра гойту диктаторна йуьхь".


ХIун нийса дац Нохчийчохь динца?

Божаршна а, зударшна а къаьстина сервисаш йолу аптекаш йахкар а, "товш доцу" суьрташ гайтар бахьана долуш хазаллин салонаш дӀакъовла бохуш, кхайкхамаш бар а - цхьана тенденцин дакъа ду, регионехь исламан мехаллаш кхин а чӀогӀа чӀагӀъярехьа. И доллу динан гIиллакхаш лелориг ша ву аьлла, лору Кадыровс, чIагIдо къамел динчу эксперташа.


Цхьа билггала духаран кодекс ларъйар а, цхьацца тайпа самукъадаккхар дехкар а, шарӀан низамаш лардарна тӀехь Ӏуналла чӀагӀдар а – и дерриг а Нохчийчохь исламан бакъонаш гайтар ду, бохуш комментари йо шен цӀе йаккха ца лиъначу Соьлж-ГӀаларчу политолого. Цуьнца цхьаьна, цо дийцарехь, ша Кадыровс а, кхечу нохчийн хьаькамаша а харцдо цхьана Ӏалашонца исламизаци дӀахьош хилар – мелхо а, вай дуьйцурш, Советан Ӏедалан заманахь дIадаьхна хилла ламастан исламан мехаллаш йуха денйар ду боху цара.


"Тоххара Нохчийчоь дин лелорца доьзна федералан Ӏедалша гӀуллакх ца даран коьрта бахьана дара Ӏедалш салафиташ эшон гӀертар а, церан дуьхьалончех – суфизман мурдаш бар – "ламастан" олучу исламна бух бан гӀертар. Амма тахана Москвано бӀаьргаш дӀакъовлу Нохчийчохь дин лелорна, меттигерчу бахархойн салафиташкахьа йолу дог-ойла кхидӀа а гӀелъйархьама а, Кадыровн Ӏедална гӀортор йархьама а. Иза, царна хетарехь, Оьрсийчоьнан Ӏедал кхузахь хиларан гарант санна вуьсу", - аьлла хета къамелхочунна.




Бакъоларйаран органаша билгалдоккхура, Нохчийчоьнан Iедалша, масала, дукха хан йу зударшна а, божаршна а духар муха хила деза а, нахана йукъахь муха лела деза а хьоьху.


Масала, Нохчийчоьнан пачхьалкхан университетехь леррина нах бу охьаховшийна, студентийн-зудаберийн духарна тIехь терго латтон. Божарий бу и хьовсуш берш а. Цара къастадо йоӀ бусалба динан низамца духарца йу-йац, ткъа оцу хӀумано синтемах воккху, бохуш дуьйцу цхьана дешархочо: "Ши жима стаг ву гӀишлонна чувоьдучу меттехь хиъна Ӏаш, цара тIехула бӀаьрг тухий къастадо, хьанна чуваха мегар ду, хьанна мегар дац. Ткъа хьо мила ву,  сан йовлакх дуста а, йа иза муха лелон деза а суна хьеха? ХIунда йелла цу шинна и бакъо? Сан да-нана а, воккха ваша а ву, цара мах хадор бу ас лелочун".


Дресс-кодан проблема лаьтта божаршна а: маж мел йеха хила йеза, мекхаш хила деза, йа ца деза. Оцу йукъанна дукха хан йоццуш, мажош лелош болчех вахIабисташ олура ницкъахоша



Нохчийчохь дуккха а миллионашкахь мах болу заказаш даим а цхьана компанеша кхочуш йеш йу, ткъа церан долахой бевзаш боцу нах хуьлу. Кавказ.Реалии сайто теллира, и компанеш республикан куьйгаллица муха йоьзна хила тарло а, и хьал йеккъа цхьана Нохчийчохь бен нислуш хӀунда дац а.
"КъорIанна вецаш верг, динан турпалхо, Мухьаммад Пайхамаран суннат Iалашдийриг" волуш санна гойту Кадыров Нохчийчуьра пропагандо. Цо шога критика йо дин аьшнашдечунна, къаьсттина дозанал арахьа и хуьлуш делахь, амма тергамза дуьту Оьрсийчохь бусалбанийн бакъонаш хьоьшуш хилахь, иштта набахтешкахь дерг а. Республикан куьйгалло къобал деш доцу дин лелорчарна тIаьхьабуьйлу Нохчийчохь.